Умаров Джамбулат – Iилманан конференцехь

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата дакъалецира «Экстремизм а, терроризм а кегийрхошна юкъахь яржарна дуьхьало яран кепаш а, агIонаш а. Дешаран организацийн маьIна а, Iалашонаш а» темина Москвахь дIаяьхьначу Iилманан-практикин конференцехь. Цигахь, конференцин дакъалацархошна хьалха къамел деш, цо билгалдаьккхира иштта гIуллакхаш вовшахтохаро кегийрхойн нийса синкхетам кхиорехь, церан юкъараллина пайдехь хила лаар, жигара хилар лакхадаккхарехь доккха маьIна лелош хилар.

  – Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун, нохчийн къоман баьччин Кадыров Рамзанан цIарах маршалла ду шуьга, терроризмана, экстремизмана дуьхьало яран хаттаршна леринчу Iилманан-практикин конференцин дакъалацархой. 15 шо гергга хьалха  вайн махкахь кегаделла хьал дара. Цуьнан бахьана дара экономика талхар, зуламаш дар даржар, дуьненаюкъара терроризм, экстремизм яржар. Иштта дара пачхьалкхан куьйгалле, оцу хьеречу хьолана дуьхьало ян ницкъ болу, бакъволу баьчча валлац. Путин Владимир, ша хьекъале политик, бакъволу бIаьхо, дика стратег хиларе терра, шена гуонаха тешаме нах гулбина (царна юкъахь уггаре а сирла масал хилла лаьттина ву Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, ткъа хIинца – Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан), «пхьош хьала а карчийна», болх бан волавелира.

Ткъа хIинца, 15 шо даьллачул тIаьхьа, вайна гуш ду хIетахь Президента хаьржина некъ мел нийса хилла а, иза мел дикачу жамIашка кхаьчна а.

Тахана дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьало ярна лерина тIеэцна концепци а ю вайн, оцу зуламна дуьхьало яр кхио а, чIагIдан а шортта зеделларг а, ницкъаш а, гIирсаш а бу, – элира Умаров Джамбулата.

Иштта, шен къамелехь министра билгалдаьккхира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьало ярна а, Россин бахархой терроризман тайп-тайпанчу тобанийн (масала, дуьненна а зуламе яьлла йолу «ИГИЛ» тоба) могIаршка юкъаозорах ларбарна а лерина комплексан болх дIабахьа безаш хилар а, Нохчийчохь, Кадыров Рамзан бахьанехь, оцу зуламна дуьхьало ян «дика  молха» хилар а.

Нохчийн Республикин зеделлачух а, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьало ярехь Р.Кадыровс бечу балхах а лаьцна Умаров Джамбулата доклад йинчул тIаьхьа, конференцин Президиумо «Хаамийн майда терроризм яржарх ларъяр» темина  вовшахтоьхна йолчу конференцин 1-чу секцин модератор хилар тIедиллира министрана.

– ТIекхуьучу тIаьхьенан нийса синкхетам кхоллабаларна а, цаьргахь патриотизм, ийман-ислам кхиорна а, гIиллакхаш а, Iадаташ а лелор марздарна а, терроризмах а, экстремизмах а хьакхалуш долчу гIуллакхех уьш ларбарна а Iедал хилла а ца Iаш, Iилманан, кхоллараллин интеллигенци а, хьехархой а, юкъараллин институташ а, доьзалш а жоьпаллехь хилар хаа деза вайна.

Со доггах тешна ву, вовшашна зеделларг довзийтар а, дагадовлар а бахьанехь, ваьшна хьалха хIиттийначу Iалашонашка вай кхочург хиларх. Тахана вайн цхьааллица а, бакъдолчуьнца а, цIеначу ойланашца а ницкъ болуш ду вай. Кхин а чIогIа ницкъ болуш хир а ду. Со цунах даггара теша!  – дерзийра министра шен къамел.

А.ХАСБУЛАТОВА

 

№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: