Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствехь дIаяьхьира Нохчийн Республика кхиорехь Италис дакъалацарна лерина конференци.
Оцу конференцехь дакъалецира шайна хьалхаваьлла Къилбаседа Кавказан а, Къилбан а федеральни округашкахь волу Италин сийлаллин консул Лодиджиани Пьерпаоло а волуш, Италера баьхкинчу предпринимательша а, иштта Нохчийчуьрчу тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн векалша а, предпринимательша а.
Цигахь йовзийтира Нохчийн Республикин экономикин таронаш. Иштта, Нохчийн Республикин экономикин а, туризман а хьал довзуьйтуш, оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь видеокийсакаш а гайтира.
Шен къамелехь П.Лодиджианис билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказерчу республикашца экономикин юкъаметтигаш лелор Италин коьртачарех цхьа Iалашо хилар.
– Тхан Iалашо тIаьхьалонна а, вовшашна пайдехь йолчу юкъаметтигашна а бух кечбар ю, – элира Лодиджианис. Соьлжа-ГIалахь визийн туш схьаелларо шайн Iалашонна доккха накъосталла дийр ду, – элира цо.
«Къилбаседа Кавказан экономикакхиорехь Италис лаца тарлуш долу дакъа. Нохчийн Республика йовзийтар» конференцин декъехь Италин а, Нохчийн Республикин а бизнес-цхьаьнакхетараллийн декъашхой, Iедалан векалш юкъахь а болуш, «горга стоьлаш» дIаяьхьира. Италерчу хьешаша дийцира шайн махкахь агропромышленни комплекс кхиорехь а, гIишлошъяр, промышленность лаккхарчу тIегIане яккхарехь а баьхначу кхиамех лаьцна. Иштта, шайна нохчашца бертахь проекташ ян лаар а хаийтира хьешаша.
Италин делегацин куьйгалхочо П.Лодиджианис хаийтира вайна юккъера юкъаметтигаш а, зIенаш а кхин а кхуьург хиларх ша тешна хилар.
Лакхахь йийцина конференци а, «горга стоьлаш» а чекхъевллачул тIаьхьа мохк кхиоран, экономикин, махлелоран министерствон векалша Соьлжа-ГIалин Ленински районехь йолчу Родина поселке бигира баьхкина хьеший. Оцу поселкехь теплични а, бешийн а йоккха комплекс схьаелларехь дIабаьхьна боккха болх бу. Кхузахь хьешашна гира шайна чохь тайп-тайпана хасстоьмаш кхиош йолу яккхий теплицаш а, 5 эзар тонна хасстоьмаш Iалашбен чоьнаш а, Iежийн бешаш а.
Ала деза, ерриге а комплексехь лелош берш италойн гIирсаш хилар. ХIинца цигахь дIахьош бу белхан меттигаш а, производство а совйоккхур болу шолгIа мур.
М.КАНТАЕВ
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо