«Единая Россия» партин 14 шо кхачар билгалдаьккхира

1-чу декабрехь, «Единая Россия» партин 14 шо кхачар билгалдоккхуш, республикерчу ерриге а районашкахь нах тIеэцарна лерина юкъара гIуллакх дIадаьхьира.IMG_9217

   Соьлжа-ГIалахь «Единая Россия» партин Председателан Д.Медведевн Нохчийн Республикехула йолчу регионан юкъараллин тIеэцаран чоьнехь дIадаьхьира республикин бахархой тIеэцар. И гIуллакх дIахьош дакъалецира: Нохчийн Республикин Правительствон Председатель а, «Единая Россия» партин регионан отделенин секретарь  волчу Эдельгериев Руслана,  Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ а, «Единая Россия» фракцин декъашхой а болчу Кадыров Хьусейна а, Лечхаджиев Рамзана а, Соьлжа-ГIалин куьйгалхочо Динаев Iадлана, Соьлжа-ГIалин мэран хьалхарчу заместитела Бурсагов ИбрахIима, Нохчийн Республикин региональни отделенин кхочушдаран комитетан куьйгалхочо Зайналабдиев Валида, иштта бакъонашларъяран органийн векалша а, депутаташа а.

– «Единая Россия» партин генеральни Кхеташонан сацамца, Парти йиллина де билгалдоккхуш, республикерчу ерриге а отделенешкахь дIахьош бахархой тIеэцар ду. Ницкъ кхочучу барамехь гIо-накъосталла дийр ду оха тхайна тIе мел баьхкинчарна, – элира В.Зайналабдиевс.

ХIора минотехь тIеоьхура цхьацца хьашташна арабевлла нах. Царах хIораннан а леррина терго йора партин декъашхоша. Цкъа хьалха куьйга дIахьедарш яздойтий, цул тIаьхьа  тIеоьцучу кабинет чу вохуьйтура цхьацца стаг. Цул сов, тIекхача хала долчу а, генарчу а, лаьмнашца йолчу а меттигашкарчу бахархошца «Skype»  (вовшийн  гуш а, хезаш а йолу зIе) интернет-сетехула тIеэцар а дIадаьхьира.

Дукха хьолахь республикин бахархойн хаттарш юкъараллин, могашалла Iалашъяран декъехь дара.

Цу дийнахь Россин: 85 регионехь дIадаьхьира бахархой тIеэцар. 2,5 эзар меттигера а, цул сов, кхин тIе 14,5 эзар а тIеэцаран чоь яра цу балхана лерина. Оцу гIуллакхехь дакъалоцуш лакхахь хьахийначу органийн векалш хилла а ца Iаш, кхин а 34 губернатор а, 50 мэр а вара.

Республикерчу бахархошна ерриге а районашкарчу отделенешкахь тIеэцаран жамIаш довзийтира, церан дехаршна терго йийриг хилар а, хIораннан гIуллакх кхочушдан леринарг муьлха организаци ю а хаийтира.

Хь.АВХАДОВА

 

№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: