Цхьа-ши дош…

Францин тIеман кеманаша юха а бомбанаш, ракеташ тоьхна Иракехь йолчу террористически ИГИЛ организацин террористаш болчу меттигашка.

  ***

    Россин кеманаша хIинцале а ах хIаллакйина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн Шемахь йолу мехкадаьтта даккхаран инфраструктура. Цуьнца цхьаьна дIахьош ду террористаш а, церан техника а хIаллакьяр.

 ***

   Германин правительствос къобалдина террористически ИГИЛ организацина дуьхьал тIом бан Шема 1200 бIаьхо хьажоран хьокъехь долу гIуллакх.

 ***

   Великобританин Iедало сацам бина Мисарарчу Шарм-эль-Шейх аэропорте шайн пассажирски кеманаш лелийтар юха а дIадоло. Мисарахь Россин кема дохийначул тIаьхьа сацийнера ингалсхоша цига шайн кеманаш лелийтар.

***

  Гуонахара Iалам лардаран гIуллакхаш дийцаре дарна лерина йолчу дуьненаюкъарчу конференцехь дийцаре дира оцу декъехь Африкехь долу кхераме хьал.

 ***

  Россин СУ-24 кема дохийна йолу Хонкара бехказаяккха некъаш лоьхуш ю НАТО альянс а, Малхбузера пачхьалкхаш а, цу юкъахь США а. И ю-кх церан нийсо а, бакъо а.

***

   Хонкарарчу Истамбул шахьаран метрохь теракт йина. Цигахь цхьа стаг кхелхина, масех стагана чевнаш хилла. Оцу зуламах долу жоьпалла тIе ца эцна цхьана а террористически организацис.

                                               ***

Деккъа хIокху цхьана шарахь Дуьненаюкъарчу хIорда тIехула Европин мехкашка кхаьчна 880 эзар гергга мигрант. ТIаьхьарчу хенахь алсамбевлла цига оьхуш болу зударий.

***

Молдави а, Румыни а цхьаьнатоха луучу бахархойн митинг хилира кху деношкахь Кишиневехь. Амма берриге а бахархой а бац цара бохург къобалдеш, къаьсттина гIеметтахIиттинарш а, къаной а.

***

Россин Президента В.Путина тахана, 3-чу декабрехь, кост дийр ду мехкан Федеральни Гуламе.

                                                ***

Россин Президента В.Путина 70 шо кхачарца декъалвира махкахь дика вевзаш волу забарча, эстрадин театран директор Г.Хазанов.

 ***

  «Газпромо» хIокху шеран ноябрь баттахь 30 процентана гергга алсамдаьккхина Европин мехкашна газ йохкар.

                                                  ***

 

№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: