Хьалхара жамIаш
Нохчийн Республикехь дIакхайкхийна хиллачу «Нохчийн Республикин уггаре а дика школа–2015» конкурсан хьалхара жамIаш дина. Конкурсехь дакъалоцуш яра вайн республикера юккъерчу дешаран 45 школа.
Конкурсан хьалхара мур чекхбаьлла. Финале яьлла 10 школа. Цара кхидIа а къовсам дIахьур бу вайн республикин уггаре а дикачу школин цIе яккхарехьа.
Конкурсан бакъенашца нийса а догIуш, кхаж тасарца кхаьчначу темина шайн болх гайта беза цара финалехь.
«Нохчийн Республикин уггаре а дика школа – 2015» конкурс дIахьош ю тIекхуьуш йолу тIаьхье кхетош-кхиорехь керла кепаш юкъаялоран Iалашонца, иштта куьйгалла даран а, хьехаран а зеделларг дIасадаржорна а лерина.
Конкурсан финал дIахьур ю 2015-чу шеран декабран 15-чу дийнахь.
Уггаре а дика библиотека
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон актови зала чохь жамIаш дира «Уггаре а дика школин библиотека – 2015» конкурсан. Конкурсехь дакъалоцуш яра 50 библиотекарь. Шина муьрехь дIаяьхьира иза.
Районашкахь хаьржинчул тIаьхьа (октябрь баттахь) финале елира вуьрхIитта конкурсант. Леррина вовшахтоьхначу экспертни комиссис царна юкъара 11 хаьржира.
Хьалхара меттиг яьккхира ТIехьа-МартантIерчу №5 йолчу гимназин библиотекара Асаева Индирас, шолг1а меттиг – Невран юккъерчу дешаран №1 йолчу школин хьехархочо-библиотекара Хашаева Зараа, кхоалг1а меттиг – №12 йолчу гимназин библиотекара Акбулатова Ларисас.
Цхьаьнакхетар хаздира Президентски лицейн дешархоша эшарш локхуш, байташ йоьшуш, театральни сценкаш гойтуш.
Л.ДАУТОВА
Авторан суьрташ
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо