Самартин дас Супьяна шен берийн дешарна йоккха терго еш хилла. Шен доьзале дешийта кIезиг къа ца хьегна цо. Самарта дагалоьцу: «Тхан дас тхан дешарехь доккха дакъалаьцна. Тхо 7 бер дара цуьнан. Даима а тергонехь латтадора цо тхо, цунах ца даьхьара урокаш ца Iамош школе даха. Наг-наггахь, ша вогIий а ца хоуьйтуш, школе вогIура иза, ша веача хьехархошка хоттура цо тхох лаьцна диканиг а, вуониг а. Бакъдерг ала деза, тхох вуониг а хезна юьхьIаьржа ца хIоьттина иза. Суна баркалла ала лаьа сайн дена, хIинца хаьа суна, цо тхуна диканна лелош хилла и дерриге а», – дуьйцу цо. Самарт йина 1953-чу шеран 20-чу майхь Казахстанехь ИсаевгIеран Супенан а, Курбикин а доьзалехь. Хьалха-МартантIера №16 йолчу школехь дика дешарца билгалъелира иза. Хьехархочун некъ школехь доьшучу хенахь дуьйна хаьржинера цо. Иштта, 1970-чу шарахь школехь дешна а елира иза. Школехь дика дешначарна Iедало белхан меттигаш нисйира тайп-тайпанчу школашкахь. Царна юкъа Самарт а нисъелира. 18 шо бен хан йоцу иза Олхазар-КIотарарчу юккъерчу школе балха яхара. Цигахь шина шарахь болх бира цо. Ша къона хиларе терра, юьхьанца хала дара цунна. Ала догIу, цунна бераш дукхадезара, цаьрца уьйр карайора. Цундела, берашна а иза дукхаезара. Шен дуьххьара белхан меттиг хийца ца лаьара цунна, делахь а цуьнан кхечанхьа рицкъ нисделира… 1972-чу шарахь Самарт деша хIоьттира Нохчийн Пачхьалкхан университете филологин факультете заочни отделени. Шен корматалле хьаьжжина, нохчийн мотт а, литература а, иштта, оьрсийн мотт а, литература а хьеха йиш яра цуьнан. Цуьнан нохчийн матте болу безам цIена, даггара бу. Нохчийн мотт – иза уггаре а хьалха ненан мотт бу, иза беза а, хаа а беза. Вайна ма-хаъара, мотт а, культура а ца хилча, халкъах къам а ца хуьлу. Шен ненан маттахь санна хIума хаза дIакхачалур дац. Ненан маттаца доьзна ду гIиллакх, оьздангалла, адамалла, къомалла. Хазахета, ненан меттан лаккхара мах хадош, и безаш адамаш хилча. 1974-чу шарахь Самарт балха хIоьттира ша заочни доьшучу, вай лакхахь билгалъяьккхинчу университете нохчийн литературин а, фольклоран а кафедрин хьехархочун дарже. Цо билгалдоккху, студенташца болх бан школехьчул а мелла жоьпалле хилар. Делахь а, дукха хан ялале хьехархочун болх карабирзира цунна. Нохчийн мотт а, нохчийн литература а, вайнехан этика а хьоьхура Самарта. Иштта дIаихира шераш… «Хьалха студенташа библиотекехь книгаш йоьшуш дуккха а хан йоккхура, книгийн лаккхара мах хадабора, ткъа карарчу хенахь компьютерш а, интернет ю цара юьхьаралаьцна. Шена оьшург интернета чуьра схьаэца йиш ю, сайга хаьттича-м ас дуккха а книгаш йоьшуьйтур яра. Айхьа къахьоьгуш, лоьхуш, 1амийнарг коьртехь а, дагчохь а дика соцу…», – дуьйцу цо. ХIинца цо университетехь болх бо 40 шо гергга хан ю. Могашалла бахьанехь ах шо сов хан ю цо хьехархочун болх а битина, методистан декхарш кхочушдо. Делахь а, дахарехь берашна хьоьхуш ша яьккхинчу хене цхьаа хан кхочур яц аьлла хета цунна…
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт