2008-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос беркате ламаст юкъадалийна – вайн республикин студенташ Европерчу гIаланийн лаккхарчу дешаран учрежденешка деша а, стажировке а бахийтар.
Иштта, оцу проектан керла агIо а евзи хIинца. Карарчу шарахь и аьтто Нохчийн Республикин школашкарчу хьехархойн а хилира. Август баттахь дара вайн республикера ингалсан меттан 60 хьехархо Ингалсан пачхьалкхан дуьненахь а гIараяьлла евзаш йолчу Оксфорд, Кембридж гIаланашкарчу «Хьехархойн корматалла лакхаяккхаран» программин курсашка деша бахча.
Дукха хан йоццуш, тхан къамел хилира цигара цIайирзинчу, Соьлжа-ГIалин №23-йолчу юккъерчу школин ингалсан меттан хьехархочуьнца Элембаева Мадиница. Цо дийцира: «Берашна кхечу къоман мотт хьехар и мотт хьехархочунна хаарна тIехь чекхдолуш дац. Хьехархошна шайн белхан керл-керла юкъайолу методика йовзарций бен лакха ца долу цуьнан корматаллин декъехь оьшуш долу хаарш. Тахана тхайн зеделларг мелла а кIезиг хетало, Малхбалехь хIора дийнахь кхуьуш схьайогIучу методикин хьесапашка хьаьжча. Оцу Iилманера даима а керланиг довза гIерта веза хьехархо. Цундела тхуна чIогIа боккха пайда белира тхайн цигахь хиллачу семинарех. Диктанташ язъяран кепийн бист кхаччалц, дуккха а керла хIуманаш девзира тхуна. Ингалсан пачхьалкхан коьртачу шахьаран Лондонан историн а, культурин а хIолламаш, гIараевлла евза меттигаш гира тхуна. Ингалсан мотт буьйцуш, лелош болчу нахана юккъехь цуьнга ладогIар а дара тхоьга кхаьчначу диканан цхьа дакъа. Литературехь йийцина «Англи» яра тхуна гинарг. Уггаре чIогIа суна дагах кхеттарг цигара бахархой, церан шайн культуре а, исторе а болу лерам бара. Нохчийн кьоман гIиллакхаш, истори йовза лууш хуьлура ингалсхой а…Тхан дахарехь шатайпа боккха хилам бара тхо оцу махка кхачар! Нах муха беха, цара къа муха хьоьгу гар а ду зеделларг.
Цхьа а шеко йоцуш, стажировкехь яьккхинчу хено дикачу аг1ор боккха т1еIаткъам бира хьехархойн хааршна. Берашна ингалсан мотт культурехула бовзийтаран керла методика юкъаяло Iемира хьехархошна. Керла уьйраш, гергарлонаш, дагалецамаш – дукха дара хьехархойн кхетамехь тIекхеттарг. Даггара баркалла ала лаьа Ингалсан пачхьалкхе кхача тхан аьтто бинчу вайн республикин а, дешаран, Iилманан министерствон а куьйгаллина».
Акаева Хутмат
Суьрта тIехь: нохчийн хьехархой Ингалсан пачхьалкхехь
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо