Иштта яра дукха хан йоццуш Шелковски районан культурин цIийнехь хиллачу гайтаман цIе. Цуьнан Iалашо яра куьйгана говза долу бераш къастор, юкъраллехь доьзало дIалоцуш меттиг гайтар доьзалийн уьйраш чIагIъяр.
Цу башхачу гIуллакхехь дакъалоцуш бара: Адамийн бакъенаш а, паргIатонаш а ларъяран регионашна юкъарчу «Коалиция» советан юкъараллин боламан председатель Яхъяев Дени, Шелковски районан культурин цIийнан директор Махаражева Хеда, Берийн кхоллараллин школин директор Яхаджиева Забура.
Цигахь шайн белхаш гайтира 5–15 шераш кхаччалц хенаш йолчу бераша. Церан хIора а сурт шатайпа куц, чулацам болуш дара.
Шен къмелехь Яхъяев Денис билгалдаьккхира, берийн дуьнене болу хьежамаш шатайпа хилар.
– Берийн кхолларалла а, ойланаш а шатайпа хуьлу. Церан къоначу, сирлачу бIаьргашна кхечу агIор го дахар. Ткъа иза шайн бIаьргашна ма-гарра, цара суьрташкахь гойту. ЦIена а, сирла а ю церан дахарх йолу ойланаш. Уьш бераш делахь а, царна хиъна шайн суьрташкахь маьрша дахар, адамийн дикалла, шайн догцIеналла гайта. Цара дехкина суьрташ муьлхха а воккханиг ойлане воккхур волуш ду.
– Вай цкъа а ойла йиний жимчохь дуьйна а берашна сурт дилла хIунда лаьа бохучун? Шайна иза дилла ца хаахь а, къолам схьа а оьций, кехата тIехь цхьацца вай, даккхийнаш, кхеташ доцу «йозанаш» до цара. Иштта, и шатайпа суьрташ пенаш тIехь дохкуш а Iедал ду церан. Бераша йовзуьйтуш ерг шайн ойланаш ю, – элира цо.
Яхьяев Денис Махаражева Хедина а, Яхаджиева Забурина а баркалла элира гайтам вовшахтухуш къахьегарна.
Гайтам берзош цуьнан дакъалацархошна «Коалиция» боламан Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира.
З.ЧИНХОЕВА
Суьрта тIехь: Гайтаман дакъалацархой
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо