Декабрь беттан 11–14-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю езачу атлетикехула Россин Президентан Кубок яккхарна лерина дуьненаюкъара турнир.
Къийсадаларш йозаллин бараман пхеа категорехь дIахьур ду: 75 кг. кхаччалц, 75 кг. сов – зударшна юкъахь; 94 кг. кхаччалц, 105 кг. кхаччалц, 105 кг. сов – божаршна юкъахь. Турнирехь дакъалаца лерина ву 20 сов пачхьалкхера 200 сов спортсмен. Царна юкъахь Олимпийски ловзарийн, дуьненан чемпионаш бу. Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь къийсадаларшкахь дакъалоцур ду нохчийн спортсменаша Малигов Адама, Могушков Чингиза. Билгалдаккха догIу Россин Президентан Кубок яккхарна лерина къийсадаларш карарчу шарахь пхоьазлагIа дIахьош хилар. Цул сов, турниран гурашкахь дIахьур ду Россин езачу атлетикин 130 шо кхачар даздар а. Цуьнца доьзна кхайкхина дукха хьеший а бу, шайна юкъахь езачу атлетикехула Олимпийски ловзарийн берриге а чемпионаш болуш (Россера). Вуьшта аьлча, 11–14-чуй декабрехь Соьлжа-ГIалахь езачу атлетикин шатайпа той хир ду.
Хь.АБАЕВ
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо