БаIисан забарш

Сан цIе а ю-кх изза

 

Вайн доттагIчух, БаIисах, гергарчара а, лулахоша а Муса олуш хилла. Хьан цIе хIун ю аьлла хаьттича, «Муса» олуш хилла хIокхо ша а.

Иштта цкъа лулахошка хьаша веанчу кхайкхина хIара. Вовшашка хьал-де а хаьттина, къамеле бевлча, хIокхо хьеше хаьттина:

– ЦIе хIун ю хьан?

– М-м-му-са ю ю с-с-ан цI-цIе, – аьлла толкха эккхаш волчу хьешо

– Сан цIе а ю Муса, амма хьайниг санна еха-м яц, – аьлла БаIиса.

 

 

Ойбий валавора

 

– Ледара ду шу. Зударша санна вовшашка баганаш етта. Буй-тIара деш дац… Суо къона волуш, сайца лер-алар хиллачунна лерга юххе тIара латорхьама луларчу юьрта воьдура со, – «хьехам беш» хилла БаIис.

 

– Цигара цIа а вогIура хьо гIаш? – хаьттина питанечу Къуддуза.

– Хьан-хIа, цIа, дукха хьолахь, ойбий (цара еттий) валавора.

ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ

 

№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: