Пхи шо бен дацара Пагаева Маликин деца-ненаца Соьлжа-ГIала хьошалгIа йогIучу хенахь. Халахеташ делахь а, новкъахь боккха бохам хилар бахьана долуш да-нана а делла, ца евзачу гIалахь йисира йоI. Амма, Дала ледара ца йитира иза, доьзалехь бер доцучара шайна дIайигира. Шен керлачу деца-ненаца Соьлжа-ГIалахь кхиира иза, цхьа а хIума ца оьшуьйтуш.
Шен тхоьца хиллачу къамелехь цо иштта дийцира:
«Йиш-ваша ца хилла сан, амма, цкъа а со цхьалха хилар дагна даз-м ца делла суна. Сан шичой хилла даима а сан терго еш, ден а, ненан а метта дIахIиттина. Тхо цхьаьна хьала а кхиъна. Сайца цхьаьна дешначу йоIаршца а ю со хIинца а гергарло лелош. Бераллехь да-нана делла йисинера аьлла, вуон ца Iийна со. Нах а беза суна, мел хили а гергарлонаш а деза. КхидIа а хIинца санна чекхъяла а хьожур ю».
Хууш ма-хиллара, школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа шен Iалашоне хьаьжжина корматалла а хоржий, университетехь, я кхечанхьа деша а доьший керлачу дахаран новкъадолу адам. Ткъа Маликас, лоьрийн а, бухгалтеран а, бедарштегархочун а дешар дешна. 17 шо кхаьчча, цIахь болчеран лаамца нехан цIен тIе яха дийзира. ХIусамда цIера ВаларгтIера велахь а, Соьлжа-ГIалахь бехаш бу уьш. Иза боккхачу доьзалера ву, ворхI ваша а, ши йиша а ю цуьнан юьртахь Iаш. 1989-чу шарахь дуьйна, ши чоь йолчу хIусамехь Iаш ю М. Пагаева, шен хIусамдеца цхьаьна. Вайн махкахь тIемаш болчу шерашкахь ГIалгIайн махкахь а Iийна и шиъ.
Вайн къомах болчу доьзалехь, дукхахьолахь, зудчо цIентIера гIуллакх а деш, берашка а хьожуш, болх цIийнадас бо. Делахь а, Пагаева Маликас зудчун а декхар лору дешар а, болх бар а.
– Зудчо а болх бича доьзална напха латторехь хIусамдена а гIо хуьлу. Делан къинхетамца сайн хIусамдас санна ахча доккхуш болх а бо ас. Иза иштта ца хилча хала хир дара боккха доьзал кхаба – бохура цо.
Исс бер ду цуьнан доьзалехь: баккхийнаш – Чингиз, Марет, Зеламха, Марха. Ткъа школе лелаш берш: Медина, Мохьмад, Хеда, – пхи шо долу шала йина Румина а, Раяна а. Оцу берех шиъ – Чингиз, Марет шайн доьзалш а болуш ду.
– Малика, хIун эр дара ахь вайн тIекхуьучу мехкаршка – хинболчу наношка, уьш шайн дахарехь ирс долуш хилийта? – аьлла шега динчу хаттарна жоп луш иштта дийцира цо:
«Доьзал уггаре а хьалха барт болуш хила беза. ХIунда аьлча, бераша схьалоцу баккхийчара лелош дерг. Дас-нанас шаьшшиннан барт-марзо гайтахь, бераш а кхуьур ду вовшашца марзо йолуш. Дика масал гайта деза берашна. Иштта берашна юкъахь кхеттал волчунна хьехар дан деза, цунах шел а жимачунна дика масал хилийта. Дукха жима долуш беро аьлларг схьа ца лоцуш, гуш дерг схьалоцу. Собаре а хуьлуш цу тайппана Iамон веза хIора а нанас шен доьзалхо эр дар-кха ас. Уггаре а хьалха, зудчо шен хIусамда лара веза, цуьнца собаре хила а еза. ТIаккхий бен ирс хир дац цуьнан хIусамехь. Иза а хир ду, тIаккха, берашна шаьш даккхий хилча оьшун долу дика масал.
И.МАТАГОВ
Суьрта тIехь: Пагаева Малика
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо