С.В.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотекехь даздаран хьолехь билгалдаьккхира заьIапхойн Дуьненаюкъара де. И даздарш лерина дара заьIап берашна. Берийн библиотекин белхахоша республикин «Наша школа» газетан редакцица цхьаьна вовшахтоьхнера и гIуллакх.
Ешаран зал юьззина заьIап бераш дара шайна леринчу даздаршкахь дакъалаца даьхкина. Хазар ледара долу Аветисова Алла а яра царна юкъахь. БIаьрса доцчу Абубакарова Аминас йиш лакхарца дIадолийра и цхьаьнакхетар. Дуьнен чу яьлча дуьйна бIаьрса хилла доцчу, цкъа а дуьне гина йоцчу йоIа йиш локхуш берриге а сема ладугIуш бара цуьнга.
ЗаьIапхойн денца бераш декъал а деш йистхилира Берийн библиотекин директор Сайдумова Зулай:
«ЗаьIапхой вай санна адамаш ду, цамгаро лацар доцург, кхин башхалла а йоцуш. ЗаьIап бераш долчу доьзалийн дай-нанойн уггаре а доккха гIалат ду, шайн доьзалхо заьIап хиларна, цхьана метте а ца вуьгуш, даима аьлча санна чохь вуьтуш хилар. Иза дика дац. Дай-наной мелхо а и бераш юкъараллина хийра ца хилийта хьовса беза. Адамаш вовшахкхетачу тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь дакъалацийта деза цаьрга, берашна леринчу садаIаран-самукъадаккхаран парке а бига беза. ЗаьIап бераш дуккха а адамаш вовшахкхеттачу меттигашка кест-кеста дуьгуш ца хилахь, царна шаьш юкъараллехь паргIат хетар дац», – элира цо. Иштта, цо баркалла элира «Наша школа» газетан редакцин белхахошна хIокху мехалчу гIуллакхехь дакъалацарна.
Цул тIаьхьа, Берийн библиотекин ешархоша шаьш кечйина йолу концертни программа гайтира. Джаубатырова Хьавас байт йийшира, Успаева Хьавас, Паршоева Бэллас, Асаева Залинас эшарш лекхира, Зубхаджиев Расула илли элира. Ингалсан маттахь Паршоева Лианас лекхна йолу йиш массарна а хазахийтира. Оцу концертни программе хьовсучу заьIап берийн яххьаш тIехь самукъадалар гуш дара.
Концертни программа ерзош нанна лерина йиш лекхира бIаьрса доцчу Абубакарова Аминас. Ша иза лекхначул тIаьхьа, цо баркаллин дешнаш элира библиотекин белхахошна шайна лерина цхьаьнакхетар вовшахтохарна. Сайдумова Зулайс заьIап берашна совгIаташ дира. Иштта, безамна цхьаьна суьрташ а дохуш, дерзийра цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо