Шуьйрачу хаамийн гIирсийн форумна кечамбар

Кестта дIайолалур ю Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн III-гIа форум. Кавказан кхузаманан политикин туьшан талламийн программийн куьйгалхочо, билгалъяьккхинчу форуман вовшахтохараллин комитетан директора Никонов Владислава дийцира рогIерчу форумна кечамбарх лаьцна.никонов

     – Кху шарахь кхозлагIа дIахьур ю Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн форум. Стенах лаьцна а, стенна лерина а хир ю иза?

– Кху шарахь Шуьйрачу хаамийн гIирсийн форуман белхан цIе – «Тхо – Кавказ! Тхо – Росси!» ю. Кхул хьалха хиллачу шина форумехь кавказхойн медиа-декъехь болчу говзанчийн вовшашца зIенаш тасаелира, церан вовшийн довзар, зеделлачух пайдаэцар  хилира. Кху шарахь, тема харжарехь гIо динчу журналисташа, вай Россехь муьлаш ду дийцийта аьлла, хьахийра. Иштта нисделла: Кавказ муха ю, шен бала болчо а, боцчо а – массара а дуьйцу. Дукхахьолахь, дуьйцурш бакъйолчу Кавказаца цхьа а юкъара хIума доцуш, иза хIун ю а ца хуурш хуьлу.

ХIора регионан а, хIора хIуманан а шен васт ду. СССР йолчу заманахь Украина вайн ялта Iалашдо меттиг яра, Сочехь, Абхазехь, Гуьржийчохь курорташ яра, Урал  металлургийн буьрса мохк бара. Иза баккъал ца хила а мега, делахь а, синкхетамехь иштта дисина. Масала, Краснодаран край юьртабахаман а, курортан а регионан васт кхуллуш ю. Билггал, кхуллуш ю. Ткъа Кавказан васт – иза муха ду? Мила ву иза кхоьллинарг? Вайна хазахетий иза? Цунах лаьцна хир ю форум.

– Хьалхарчу шерашкахь делегацеш регионашкахь кхуллуш яра. Кху шарахь муха дIахьур ду и гIуллакх? Къастор муха дIахьош ду, форумехь дакъалоцуш мила хир ву?

– Къастор цхьана а тайпана дац – оха форумах лаьцна хаам баржийна, кхайкхарш дIасадахьийтина. Карарчу хенахь, хила тарлуш болчу дакъалацархошца болх беш ду тхо, уьш секцешкахула дIасабоькъуш. Шуьйрачу хаамийн гIирсийн декъехь, оцу говзаллица болх беш мел болчаьрга кхойкху оха форуме. Бакъдерг аьлча, цхьацца тамашийна хIуманаш а нисло: цхьаболчу дакъалацархоша шайн (белхан декъехь волчу) министре хаам бе, цуьнгара пурба даккха олий, дехарш до, «министран пурба доцуш форумехь дакъалаца йиш яц шайн» олу.

– ХIун ду цигахь тамашийна?

Тамашийна хIун дуй – нагахь санна, журналист министран пурбанца бен Шуьйрачу хаамийн гIирсийн форуме вогIур волуш вацахь, иза кхуза ван а ца оьшу. Министраца къамел дича атта хир ду журналистана, цо кхунна оьшу хаамаш бовзуьйтур бу. Ткъа тхуна форумехь оьшурш – шаьш болх а беш, ойла а еш, Къилбаседа Кавказан васт шаьш кхуллуш дуй а хууш болу журналисташ бу.

– Форуман программа муха ю кху шарахь? Дакъалацархой цецбохуш хIумма а хир дуй?

Форум – иза даздар дац я цирк яц, дакъалацархой шатлакхашца цецбаха Iалашо яц вовшахтохараллин комитетан. Оха форуме кхойкху шуьйрачу хаамийн тайп-тайпана гIирсаш а, дуккха а тайп-тайпана журналисташ а. Журналисташ Iамон а, вовшашна довза, къамел дан царна меттиг хилийта а кечлуш ду тхо. Иза чIогIа маьIне ду. Форуман жамIашца говзаллин юкъаметтигаш кхоллаяла а, керла адамаш довза а деза дакъалацархошна, цул сов, Къилбаседа Кавказан регионан дахарехь а, иза кхиорехь а шуьйрачу хаамийн гIирсаша лелочу маьIнех кхета а беза уьш.

 – Яккхийчу компанеша ахчанца кхачо еш ю форумна (спонсорша). Дакъалацархойн хьешийн цIийнахь Iерна, дIасабахарна, форуман декъехь долчу кхечу гIуллакхашна хуьлуш йолу харж шайна тIе хIунда ца лоцу аш?

– Форум баккъал а спонсорийн, накъостийн ахчанах вовшахтухуш ю. Амма хаттар мелла а нийса ца хIоттийна. Цкъа делахь, журналисташ схьа а гулбина, (массо хIуманах ахча дIа а делла), цаьрга муха язъян еза аьлла, дийцархьама вовшахтухуш яц форум. ХIара Шуьйрачу хаамийн гIирсийн форум ю. Шайн лаамехь, шайн ахча а, хан а йойъуш богIуш бу кхуза журналисташ. Тхуна жима хIума дац иза, хIунда аьлча, шайна хиллачу харжана, шаьш бахкарна а уьш дохко ца бовлийтарна жоьпаллехь ду тхо. ХIора а дакъалацархочунна а, Кавказан дерриге  а медиа-декъана а маьIне долу цхьа хIума форумехь хилийтарна а жоьпаллехь ду. ШолгIа делахь, тхан накъостий (спонсорш) баккъал а яккхий организацеш ю, делахь а, тхан юкъаметтигаш иштта нисъелла – оха церан кисанахь долу ахча ца дагардо. ХIинца хала зама  ю, цундела спонсорш кхин дукха а бац. Тхо чIогIа реза ду цара тхайна дечу гIо-накъосталлина а, хIара гIуллакх дIадахьар мел лараме ду царна хаарна а.

 – ХIун сатийсамаш бу форум вовшахтоьхначеран?

– Тхан сатийсамаш бац, тхан кхочушъян езаш йолу Iалашонаш ю. Форум дIаяхьар мел кхиаме хилла а, иза дIаяхьар оьшуш хилла я ца хилла а, цу юкъахь дакъалаьцначара дуьйцур ду тIаьхьуо…

— Баркалла!

Интервью зорбане кечйинарг – А.ВАХАЕВА

Суьрта тIехь:

 Кавказан кхузаманан политикин туьшан талламийн программийн куьйгалхо, Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн форуман вовшахтохараллин комитетан директор Никонов Владислав

№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: