2015-чу шеран 16-чу октябрехь йолаеллачу Дуьненаюкъарчу маслаIатан гIоьналлин «Машаран селфи» («Селфи Мира») гIуллакхан акцин, шолгIачу муьрана кечамаш бан йолаелла А.Бегакан тоба.
Дуьххьара Пятигорскехь дIаяьхьначу митингехь selfie.poletim.ru сайт дIа а йолош, проектан презентаци йира. Цигахь дакъалоцуш вара экспедицин куьйгалхо волу некъашгездархо, летчик-испытатель, инженер-конструктор Бегак Александр, экспедицин сийлаллин дакъалацархо летчик-космонавт, Россин Турпалхо Падалка Геннадий, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Ставрополан крайрчу векалан заместитель Магомадов Нажмуди, Стратегически дIадолорийн агентствон эксперт Сазанова Наталья, кхиберш. Шайн къамелашкахь цара билгалдаьккхира и тайпа Дуьненаюкъара маслаIатан гIуллакхаш дар къаьмнашна юкъахь барт, марзо хиларехь мехала дакъа хилар.
Презентаци чекхъяллачул тIаьхьа, авиацин лабораторехь тайп-тайпанчу хIаваа кеманийн гайтам дIабаьхьира, халачу некъашкахула яхалучу машенан таронаш гайтира, иштта, ламасте ма-дерззара, диттийн синтарш а дийгIира.
2015-чу шеран 22-чу октябрехь «Машаран селфи» акцин хьалхара мур дIаболийра «Машаран байракх – Эльбрус 2015» экспедици ярца.
Ставрополан крайра кегийрхоша, А.Бегак коьртехь волуш, вовшахтесначу ялх чкъург йолчу, халачу некъашкахула йоьдучу «Россин Патриот» машенахь йира экспедици (6 стаг, 3 кхиазхо цу машенахь Эльбрус ломан «II-чу Приюте» кхаччалц (4200 м.) хьалабевлла (лерина ма-хиллара, ломан буьххье кхача аьтто ца хилира церан, Iаламан хиламаш бахьана долуш. 2016-чу шеран аьхкене дIатеттина и гIуллакх). Цигахь (II-гIа приют – фашистех Кавказ кIелхьара йоккхуш исторехь ломан уггаре а лакхенехь тIом хилла меттиг) йоьгIна «Машаран байракх» а, акцехь дакъалоцуш хиллачу кхечу гIаланийн байракхаш а.
Экспедици ерзош, «Россин патриот» машен ГIебартойн-Балкхаройн Республикин кегийрхошна совгIатна елла А.Бегака, цаьргахь патриотизм кхиоран, Россин кегийрхошна масала хилийтаран Iалашонца.
Цул тIаьхьа Пятигорскехь экспедицин дакъалацархошца жамIашдаран цхьаьнакхетар дIадаьхьира. А.Бегака доцца довзийтира дан кхиъна гIуллакхаш. Иштта Пятигорскан администрацин векалша А.Бегакана, Г.Падалкана, кхин масех дакъалацархочунна «Пятигорскан – 235 шо. ГIала кхиорехь дакъалацарна» мидалш елира. Экспедицин кхиболчу вовшахтохархошна а, дакъалацархошна а Баркаллин кехаташ делира гIалин куьйгалхочун цIарах.
Хь.АВХАДОВА
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо