Невран районан къинхьегаман, социальни кхиоран отдел Нохчийн Республикин къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран министерствона чудогIуш долу дакъа ду. Къинхьегаман, социальни кхиоран отделан тIехь ду доьзал, зударий, бераш, баккхий нах, ветеранаш, заьIапхой, социальни гIийла бохку кхиболу бахархой а социальни ларбаран декъехь пачхьалкхан политика кхочушъяр.
Районехь вехаш ву 55 435 стаг, къинхьегамна хьуьнаре ву 30 597 стаг, балхахь волу – экономически жигара вахархо – 12 499 ву, балхахь воцург 18 098 стаг ву. Районан экономикин бух бу юьртан бахам. Бахархой коьртачу декъана латта лелош а, даьхний лелош а, уьстагIий лелош а, кемсаш лелош а бу.
Къинхьегаман отделехь бу цкъа луш долу а, пачхьалкхан а пособеш эца заявленеш деллачарех болу хаамаш а, цара кечдина документаш а.
Районан къинхьегаман, социальни кхиоран отделан хьаькама Х.Лукаевас дийцира 2015-чу шеран итт баттахь отделе кхаьчначу ахчанах хIора баттахь луш долу пособеш а, къинхьегаман ветеранашна, тылан къинхьегамхошна, таIзар лайначу нахана хIора баттахь луш долу социальни ахчанаш а даларна пайдаэцна хиларх лаьцна. Оцу ахчанах иштта дIало Кадыровн орденах хIора баттахь луш долу социальни ахчанаш а, хIора баттахь баккхийчарна луш долу компенсацин ахчанаш а, цхьаццаболчу бахархошна хIусамийн-коммунальни мах дIабаларна, хIусамийн хьелаш тодарна луш долу ахчанаш а.
«Бераш долчу бахархошна пачхьалкхан пособеш даларан хьокъехь» долчу 1995-чу шеран 19-чу майхьлерчу №81 йолчу федеральни Законаца нийса а догIуш, 2015-чу шеран 31-чу октябрана дIаяздина ду 21 069 бер, цу юкъахь цIийнада воцуш, бисина Iаш болчу зударийн 1 870 бер а.
Россин Федерацин «Шайн бакъонаш меттахIиттийначу нехан а, таIзарш лайна леринчу нехан а, къинхьегаман ветеранийн а, тылан къинхьегамхойн а социальни гIолацаран гIуллакхийн хьокъехь» долчу 2010-чу шеран 24-чу июнехьлерчу №25 йолчу Законаца нийса а догIуш, районехь ахча луш ву: бакъонаш меттахIиттийна 3 166 стаг, 808 къинхьегаман ветеран, тылан 13 къинхьегамхо.
Коллективни барташ кечбарехь а, тIеэцарехь а предприятийн куьйгалхошна а, говзанчашна а, профсоюзни жигархошна а бакъонийн а, методически а, практически а гIо даран а, коллективни къинхьегаман къийсамаш дIабахаран а Iалашонца кхачо йина коллективни барташ баран кепийн хьокъехь йолчу нормативни материалашца, елла 12 консультаци. Хила безачу тIегIанехь дIахьош бу документаш лелоран болх. Шен-шен хенахь йо яла езачу инстанцешка луш йолу отчеташ. Отделехь хаамийн стендашна тIехь дIатоьхна бу отделе богIуш болчарна бовзийта безаш болу, тайп-тайпанчу пособех лаьцна болу сацамаш а, указаш а, нормативно-бакъонийн кхидолу акташ а, документаш а, хаамаш а.
Отдело дакъалецира бахархошна юкъахь вахабизм а, наркомани а, маларш мийлар а зулам хиларан хьокъехь профилактически болх дIабахьарехь. Оцу балхана доккха дакъа юкъадуьллу динан баххаш а, нохчийн къоман гIиллакхаш а, Iадаташ а довзуьйтуш волчу районан Чернокозоверчу Iеламстага Абдулаев Уцима. Цхьаьнакхетарш вовшахтуьйхира районан къаношна а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна а лерина. Билгалдаьккхира зударийн Дуьненаюкъара де. 2015-чу шеран 9-чу майхь къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министерствехь декъалбира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш. Царна а, тылан къинхьегамхошна а, тIемалойх бисинчу зударшна а совгIаташ а, ахча а делира. Цул сов, гIурбанан дийнахь боберашна а, гIийла бохкучу бахархошна а жижиг а, дама а делира.
«Нохчийн Республикехь бахархойн заявленешка хьовсаран къепенан хьокъехь» долу 2006-чу шеран 5-чу июлехьлерчу №12 йолчу Нохчийн Республикин закон кхочушдарца доьзна, 2015-чу шеран 10 баттахь бахархойн 600 сов барта хаам кхаьчна, отделан хьаькамо тIеэцна 50 стаг.
Отделерчу хаамийн стенда тIехь дIатоьхна ю отделан хьаькамо а, коьртачу бухгалтера а бахархой тIеэцаран график, отделан телефонан номерш, бахархой тIеэцаран а, документаш дIаэцаран а график, долуш ду аьрзнийн, хаамийн, предложенийн журнал. Бахархоша беш болу хаамаш леррина долчу журнала тIе дIаязбо, бахархойн хаамашка хьовсаран къепенан хьокъехь долчу документийн папка а, белхан чоьхьара раж а ю.
ХIора чийрикехь (кварталехь) хуьлучу кхеташонашкахь а, къамелашкахь а дуьйцу коррупци ца хилийтаран гIуллакхийн хьокъехь, оцу декъехь дечу гIуллакхийн план хIоттийна, дIатоьхна ю телефонийн номерш. Лелош ю «Коррупцица къийсам латторехь дан дезачу гIуллакхийн» папка. Журнала тIе дIаязбо отделе баьхкина болу лакхахь лаьттачу органийн векалш, уьш бахкаран Iалашонаш а, декхарш а дуьйцуш.
Невран районерчу администрацин кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу комиссица цхьаьна дIабаьхьира тIехь Iуналла доцу бераш ца хилийтаран а, кхиазхоша бакъонаш талхор дIадаккхаран а болх. Хьесапе эцна бу бакъонаш талхо тарлуш болу кхиазхой, гойтуш бу цаьрца беш болу болх, харцахьа лелаш долчу берийн доьзалшкахь хилла, царна тIедухучу духарца гIо а деш.
«Шайна тIечIагIйина хIусамийн чоьнаш йоцчу буоберашна а, дайн-нанойн Iуналла доцуш дисинчу берашна а, ткъа иштта верасаллина кIел долчу берашна а хIусамийн чоьнашца кхачояран хьокъехь» болу 2011-чу шеран 11-чу майхьлера №87 йолу Нохчийчоьнан Правительствон сацам тIеэцарца доьзна дIахьош бу болх. Кхочушдина районан юкъарадешаран школийн дешархой санаторешка а, садаIаран базашка а могашалла тоеш садаIа дахийтар. 2015-чу шарахь могашалла то а йина, са а даьIна районерчу 550 беро.
– ХIора шарахь, графикца нийса а догIуш, районан администрацин векалшца а, организацийн куьйгалхошца а цхьаьна бахархошца цхьаьнакхета тхо, билгалдаьккхира отделан хьаькама Х.Лукаевас. – Къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран министерствон аппарато оьшуш долу консультацийн а, методически а гIо до тхуна, семинараш дIахьо. Отдело иштта цхьаьна гIуллакхаш до районан кхочушдаран Iедалан кхечу организацешца, дакъалоцу доьзал, зударий, бераш, баккхий нах, ветеранаш, заьIапхой, кхин болу бахархой социальни ларбаран декъехь пачхьалкхан политика кхочушъярехь. Районан къинхьегаман, социальни кхиоран отделан коллективо берриге а ницкъаш тIебохуьйтур бу вайн бахархойн зовкхан дуьхьа социально-къинхьегаман декъехь гIо дарна.
Кечйинарг – С.ЛАЛАЕВ
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо