Дерриге а дахарна хаьржина корматалла

   Адамийн синтемана гIаролехь латтаран балхана 34 шо хан дIаелла Сулиманов Iийсас. Дуккха а хиламаш хилла оцу шерашкахь Нохчийчохь а, вайн берриге а махкахь а, дуьненахь а. Дуккха а дика а, вон а гайтина оцу шераша. Амма царах собарца, доьналлица чекхваьлла Iийса.полковник1

   Шен ткъедиъ шо долуш СССР-н МВД-н Волгоградерчу лаккхарчу талламан школе деша вахара иза. Талламан органашкахь болх бан лааран боккхачу сатийсамо валийра иза цига. Бакъдолчунна тIекхача, харц-бакъ къастош таллам бан хаарш, говзалла оьшура. Ткъа, цу говзаллина дешаран хIокху кхерчахь дика Iамавора. Волгоградехь кхиамца дешна ваьллачул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн республике цIа вирзина къона говзанча Шуьйтан районерчу милицин отделе балха хьажийра. Цигахь а, йоццачу хенахь Невран районехь а талламан отделехь талламхочун болх бира Iийсас. Оцу шиннахьа а ша дикачу агIор гайтарна, МВД-н куьйгалло Соьлжа-ГIалин талламан урхалле схьавалийра. ХIетахь дуьйна талламаш баран декъехь къахьоьгуш схьавогIуш ву Iусманан воI Iийса.

Кхиаран тIегIанашкахула дикка некъ бина цо могIарерчу талламхочунна тIера Октябрьски районан чоьхьарчу гIуллакхийн отделан талламан отделан хьаькаман дарже кхаччалц. Карарчу хенахь иза Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллехь талламан урхаллин хьаькаман заместитель ву. Цуьнан кабинетан неI даима а йиллина ю талламан урхаллин белхахошна санна, кхечу отделийн белхахошна а. Цуьнан хьехаме, хьекъалечу даше ладогIа лууш, цунна зеделлачух пайдаэца лууш хуьлу уьш. Царна дан хьехар а, царна довзийта зеделларг а ду I.Сулимановн. Вуьшта, мукъачу миноташкахь, уьш вуно кIезиг хилахь а, къоначарна дийца хаза а, пайдехь а, самукъане а хIума хуьлу цуьнан.

Цкъа а кхоьлина а, догъэшна а ца гойту эпсара ша, дахар даима ирсе а, сирла а, атта а ца хилахь а. ТIеман халачу муьрехь Iийса шен халкъаца цхьаьна Нохчийчохь вара. Иза цхьанхьа а дIаса ца вахара. Иза болх беш вара алапа ца лучу хенахь а, бакъонаш ларъяран органийн белхахой бойъучу хенахь а. Иза, ша бакъволу къонаха а, Даймехкан патриот а хиларе терра шен халкъан, юьртан, гIалин синтемана, маршонна гIаролехь лаьтташ вара. Тахана а кхочушдо цо и сийлахь декхар.

Шен куьйга кIелахь болчаьрга кест-кеста олу цо: «Вайн балха тIехь уггаре а хьалха цIена, хьанал хила веза, мел чолхе гIуллакхаш а даима а законо ма лоьхху кхочушдан деза. ТIаккха цкъа а юьхьIаьржа хир вац. Хьайна а синтем хир бу. Цхьана а хIумано са а дуур дац. Нахалахь сий-ларам а хир бу».

Сулиманов Iийсас, шен хIусамненаца цхьаьна кхо доьзалхо кхиийна, когахIоттийна, дахаран новкъа ваьккхина. Ши йоI а, цхьа кIант а ду цуьнан. Тахана, цуьнан дог хьоьсту берийн бераша. Иза ду-кх ирс! Воккхаллехьа лестича стагана оьшург, цунна синтем бийриг, кхерчан йовханан, марзонан чам хоуьйтург, балхара ваьлча хьо цIа воьхург ду.

Дахарехь дуккха а зерех чекхвийлина волу Iийса тахана масал хилла лаьтта белхан накъосташна, цуьнан сий а до, ларам а бо наха. Цул доккха совгIат хIун хир ду стагана!

Е.Кучеренко,

Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин отделан хьаькам

Суьрта тIехь: чоьхьарчу гIуллакхийн полковник I.Сулиманов

№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: