Пайдехь хьехамаш бира

Дукха хан  йоццуш Нохчийн экономикин а, урхаллин а колледжан студенташца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикерчу тайп-тайпанчу учрежденешкарчу экспертех лаьтташ йолу тоба. Цара дийцира аптекин наркоманех а, некъан бакъенаш ларъярх а лаьцна.колледж

    Кегийрхошна хьехамаш бан баьхкинера: Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Абдуллаев Iела, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенашлатторан департаментан директор Дадаев Ризван, Соьлжа-ГIалин Октябрьски районан префект Исмаилов Русланбек, районан полицин отделан хьаькам Демильханов Асламбек, районан къеда Мусаев Сайд-Мохьмад.

Шен къамелехь Дадаев Ризвана дийцира вайн республикехь дIахьош йолчу терроризман а, экстремизман а пропагандех лаьцна. Цу харца некъах ларбан безарш вайн кегийрхой хилар билгалдаьккхира цо.

– Нохчийчохь дуккха а бу бусалба динан хьокъехь кIорггера хаарш долуш Iеламнах. ХIора а районехь, юьртарчу маьждигехь  карор ду шун хаттаршна жоьпаш. Иза иштта делахь а, дуккха а кегийрхой интернетехула а, видеороликашкахула а болчу харцхьехамашка ла а доьгIуш галбовлу. Уьш ца кхета. Оцу интернет-сайта чохь болчу хьехамашкахь Ислам дин нийса дуьйцуш цахиларх. Ткъа вайн Iалашо, Ислам дин нийса Iамор ю, – элира цо.

Иштта цхьаьнакхетарехь дийцира некъан бакъенаш ларъярх лаьцна а. Вайн республикехь денна  хуьлучу некъан бохамашкахь адамаш хIаллакдеш хилар а билгалдира эксперташа.

Цхьаьнакхетар дерзош студентийн аьтто белира шайна хаа луург довзархьама хаттарш дан.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой  

№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

 

   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: