Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Москвахь Россин Федерацин Правительствон Председатель Медведев Дмитрий куьйгаллехь а волуш дIаяьхьначу селекторан кхеташонехь дакъалецира.
Гулбеллачара дийцаре дира электроэнергетикин субъекташ а, ЖКХ-н предприятеш а 2015-2016-чуй шерийн гуьйренан-Iаьнан муьрехь болх барна кийча хилар.
Кхеташонехь иштта дакъалецира мехкан вице-премьера Козак Дмитрийс, Россин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министра Новак Александра, кхочушдаран Iедалан федеральни органийн а, регионийн а куьйгалхоша.
Медведев Дмитрийс билгалдаьккхира мехкан субъекташкахь Iаьнан муьрана кечамбар хила ма-дезза д1ахьош хилар.
«Йовхонца кхачояр дукхахйолчу регионашкахь дIадоладелла, цуьнца йоьзна цхьа а чолхенаш яц. Ягориг тIаьхьалонна а йолуш ю, оцу гайтамца мелхо а планал хьалха доьлхуш ду вай», – элира Д.Медведевс.
Регионийн куьйгалхошка шайн субъекташкахь Iаьнна кечамбар дIадахьарна тIехь терго латторе кхайкхира иза.
«Мехкан субъектийн куьйгалхошка суна кхин цкъа а ала лаьа: билгалдаьхна мел долу гIуллакхаш (кечамбаран гайтамаш) карарчу хенахь кхочушдеш ду-дац хаа деза шуна. Нагахь санна, хIинца а кхочушдаза гIуллакхаш я кхачамбацарш делахь, уьш йоццачу хенахь дIадаха деза. Иштта, электроэнергица кхачояр юкъарадаккха йиш йоцучу (гуттар болх бан безачу) объекташкахь, нагахь санна электроэнергица кхачояр галдолуш меттиг нислахь, энергица кхачоян тIаьхьалонан хьостанаш а, леррина техника а хилийта еза», – билгалдаьккхира Правительствон Председатела.
Россин Федерацин Правительствон хаамашца, Iаьнна кечдина 8,5 миллион сов цIа а, 73 эзар сов котельни а, 172,2 эзар километр йовхонан сеташ а, хийцина 12,5 эзар километр тишъелла, йоьхна йовхонан сеташ а, 74,6 эзар тишъелла, йоьхна электричествон сеташ а, кечйина 507,4 эзар километр хидалоран сеташ а.
А.СУЛИМАНОВА
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо