Нохчийчоьнан ярташ. БердкIел

Соьлжа-ГIалина  къилба-малхбалехьа  болчу Суьйра-Корта  ломан  когашкахь  Оргин аьтту бердаца  хьала-охьа  Iуьллуш  ю БердкIел. Де-дийне  даларца   кхуьуш, Соьлжа-ГIалара  Аргуне   боьдучу  боккхачу  некъан   йисте   охьакхаьчна  хIинца юьртан  дозанаш. Къилба-малхбузехь Суьйра-Корта (шен  хьаннашца), малхбалехьа – Орга  (цIа-цIе дечунна уллехь  жагIа  хилар а  маьIне ду), къилбехьа  – боккха некъ (Соьлжа-ГIала а, Аргуне а, вахар  аттачу доккху  и хиларо). Оцу  дерригено  а Iер-дахаран бегIийла   хьелаш  кхуллу кхузахь.

«Юрт йиллина  шо  билгал дац, – дуьйцу  юьртан  вахархочо, вевзаш  волчу  берийн  яздархочо  Махмаев  Жамалдис. – Бакъду, Айдамиров Абузара  шен «Нохчийн историн  хилларш» книги  тIехь  чIагIдо  1844-чу  шарахь  оьрсийн  эскарша  БердкIел  юьрта  уллехь  шайн   чIагIо  (укреплени) йиллина  хилар. Делахь-хIета, юрт цул  дикка хьалха  дуьйна  а хилла  ю-кха.

Иштта хууш  ду  Граждански  тIеман  шерашкахь  юрт  кхузза  ягийна  хилар а.

Жигара дакъалаьцна  бердкIелхоша Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь а. Верриге а 100 сов  стаг  хилла БердкIелара  оцу  тIамехь дакъалоцуш. Царех цхьаъ  ву  Советски Союзан  Турпалхо  Идрисов  Абухьаьжа. Гоьваьлла  иччархо (снайпер)  хилла  иза. Ша  цхьамма  349 фашист  хIаллаквина  цо.

«Дика нах дукха  бевлла  тхан  юьртара, – кхидIа  а дуьйцура  Жамалдис. – Оха дозалла  до   БердкIелара  ялх  эвлаяъ валарх (Дала  къайле  цIинйойла  церан):  шайх Шемал, цуьнан   ши кIант  Абукар-Хьаьжа, Мохьмад-Хьаьжа,  Шема, Бетергири-Хьаьжа, ХIока. Абубакар-Хьаьжица  тоба  дина   дикка  нах бу  БердкIелахь а, кхечу  ярташкахь а. Цуьнан  кхалхар  хилла  герггарчу  хьесапехь  1912-чу  шарахь  Мединатехь, кхозлагIа  хьаьжцIа ваханчохь. Мединатехь  дIавоьллина  а  ву иза».

Юьртара  бевлла  гоьбевлла нах буьйцуш, ца хьахо  йиш  яц  Россин  Турпалхо Басханов  Ризван. 2002-чу шеран  10-чу  майхь  къоман  маршонан мостагIашца  хиллачу  тIеман  тасадаларехь  шегара   майралла а, доьналла а  гайтарна елла   цунна  Турпалхочун   цIе. Нохчийн  литературехь  даиманна  яха   йисина бердхІинчун  башхачу   поэтан  Дикаев  Мохьмадан  цIе а. Нохчийн  гIиллакх-оьздангаллин, нохчийн амалан  шатлакхан  илли  хилла лаьтта  цуьнан  «Нохчо ву со» стихотворени. ХIокху  тIаьхьарчу   50 шарахь  республикин  юьхьанцарчу  классашкахь  нохчийн  маттахь  йоза-дешар  Iамор  дIахьо Солтаханов  Эльбека  хIиттийначу  Iаматашца. Иза  а  БердкIелара  хилла  ву. Иштта  сий-ларамца  йоху  бердкIелахоша  шайн  юьртахойн, медицинин  Iилманийн  докторан  Магомадов Русланан а (карарчу  хенахь  Iер-дахар Москвахь  ду  цуьнан), физикин-математикин Іилманийн докторан  Солтаханов Ширванин  а цIерш. Россин  спортан  хьакъволу   мастер, езачу атлетикехула Россин, Европин  чемпионатийн, тайп-тайпанчу  дуьненаюкъарчу турнирийн  толамхо  Эдиев Асламбек а  хIокху  юьртара  ву.  Оцу  гоьбевллачу  нахана юкъахь шен  меттиг  дIалоцуш  ву  тхан  таханлера  къамелахо, А.-Хь.Кадыровн   орденан кавалер,  Нохчийн Республикин хьакъволу  хьехархо  Махмаев Жамалди  а.

Карарчу  хенахь  БердкІелахь вехаш-Iаш  8 эзар стаг ву. Дустархьама  аьлча, 1916-чу шарахь юьртахь  2402 стаг  хилла, ткъа  1990-чу  шарахь – 4738. Гуш ма-хиллара тIаьхьарчу   24 шарахь  бахархойн  барам  дикка   лакхабаьлла. Иза дика  гайтам  бу. Iер-дахаран  хьелаш  ледара  долчохь, адамийн дебар  а ледара  ма хуьлу.

Нохчийн  38 тайпанах нах бу юьртахь. «Цхьана а  кепара  тайпанаш къестор  доцуш,  вовшийн  дика-вуонехь  дакъалацар  долуш, барт  болуш юрт ю тхайниг», – чIагIдо  Жамалдис.

Хь.АБОЛХАНОВ 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: