Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан 2015-чу шеран ноябрехь Россин тоьллачу 100 политикана юкъахь регионийн тоьлашха болчу куьйгалхошна юкъахь ву.
Цунна тоьшалла деш ю Политически а, экономически а коммуникацийн агентствос а, «Дозуш доцчу газето» а кечйинчу «2015-чу шеран ноябрехь Россин тоьлла 100 политик» аьлла йолу рейтинг.
Рейтингехь даима а хьалха хилла вуьсуш ву Россин Президент Путин Владимир.
Бинчу талламехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Кадыров Рамзан рейтингехь ша хьалха хиллачул шина тIегIанна лакха а ваьлла, 60-чу меттехь ву.
Регионийн куьйгалхошна юкъахь къаьсташ ву Москван мэр Собянин Сергей – 18-гIа меттиг, ГIезалойчоьнан Президент Минниханов Рустам – 57-гIа меттиг, Подмосковьен губернатор Воробьев Андрей – 64-гIа меттиг.
«Россин уггаре сий-лараме 100 политик» аьлла йолу рейтинг шен жамIашца кечъеш долу экспертни хаттарш дар дIахьо къайлах анкеташ язъяран кепаца. Хаттарш дарехь дакъалоцу 26 эксперта: политологаша, политтехнологаша, медиаэксперташа, политически партийн векалша.
Эксперташка иштта хаттар до: «1-на тIера 10-на тIекхаччалц болчу бустамца муха мах хадор бара аш Россин хIокху политикийн Россин Президентан Администрацехь а, Россин Федерацин Правительствехь а, Россин Федерацин Федеральни Гуламехь а болчу сий-лараман?
ЖамIаш деш, кечйина рейтинг Россин 100 политикин сий-лараман Россин экспертни юкъараллин куьйгалхоша цхьаьнакхетта мах хадор ду. Хаттарш даран жамIашкахула рейтингана юкъабахана нах «ТIехчIогIа сий-ларам» (1–20), «ЧIогIа сий-ларам» (21–50), «Юккъера сий-ларам» (51–100) дакъошкахула дIасабоькъу.
С.МАМАЕВ
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо