3-чу декабрехь еардийнахь, Россин Федерацин Президента Путин Владимира хIора шарахь деш долу кост дира Федеральни Гуламе. Ламасте дирзина ма-хиллара Кремлан Георгиевски залехь хилира иза. Цига кхайкхина бара Федерацин Советан декъашхой, Пачхьалкхан Думин депутаташ, Правительствон декъашхой, Конституционни а, Лакхарчу а суьдийн куьйгалхой, губернаторш, субъектийн куьйгалхой, кхиберш. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
В.Путина кост дале хьалха гулбеллачаьрга дийхира, терактехь беллачеран сий деш, минотехь дист ца хуьлуш Iер. Шен кост цо дIадолийра терроризмах а, Россис Шемахь дIахьош йолчу тIеман операцех а лаьцна дийцарна тIера.
– Терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсамехь Росси хьалхарчу зилехь йолу дуккха а хан ю. Вайна хаьа дуьненаюкъарчу терроризман агресси хIун ю. Росси цунна дуьхьал нисъелла 90-гIа шераш юккъе дахча. Вай террористаш лаьхкира Россера. Вай хIинца а къайсам дIахьош ду бандподпольех бисинчаьрца. Зуламан хьу хIинца а дIаяьлла яц. Цхьана мехкан ницкъаца дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь толам баккхалур бац. Терроризман кхерам тIеттIа алсамболуш бу, – элира Россин Президента.
Цо дагадаийтира Ливехь, Иракехь, ОвгIанехь, кхечу мехкашкахь чIогIа ледара хьал хилар. «Къаьсттина кхерам бу Шемехьара. Цигахь болчу боевикашна ахча, герзаш ду доуьйтуш. Уьш ницкъаш IаIош бу. Нагахь уьш чIагIлахь, цигахь тоьлар бу. ТIаккха вай долчу а кхочур бу. Вайн декхар ду царна дуьхьал довлар, дозанна геннахь хIаллакбар», – элира цо.
ХIокху заманан коьрта кхерам терроризм бу бохура Путина. Ерриге а пачхьалкхаш кхайкхира цунна дуьхьал цхьаьнакхетаре, дуьненан юкъара антитеррористически фронт а кхуллуш. «Террористашца цхьа а бизнес лело ца еза. Вайна хаьа Хонкарахь шен кисанаш дузуш верг мила ву. Оцу ахчанах талорхоша адамаш шайна юкъаийзадо, герзаш оьцу, къиза теракташ йойту. Вайна дагадогIу 1990-чу а, 2000-чу а шерашкахь Къилбаседа Кавказехь хилла боевикаш Хонкарехь лечкъаш а, цигара гIо хуьлуш а хилла хилар», – чIагIдира пачхьалкхан куьйгалхочо.
Арахьарчу политикех кхачам боллуш дийцинчул тIаьхьа В.Путин чоьхьарчу политикехь долчу хьолан мах хадо волавелира. Цо боккха тидам тIебахийтира Пачхьалкхан Думе хинболчу харжамашна. Уьш тIейогIучу гуьйранна хила безаш бу. «Харжамел хьалхара конкуренци, цо дийцарехь, хьагI-гамо йоцуш, цIена, къайленаш, мекарлонаш йоцуш хила еза «Вай проблемаш дIаяхаран некъийн хьокъехь къовса мегар ду. Амма вай вешан цхьаалла ларъян еза. Дагахь латто деза вайна коьртаниг Росси хилар», – билгалдаьккхира В.Путина.
Оццу хенахь Президента чIагIдира махкахь экономикин чолхе хьал хилар. Амма тIех галдаьлла дац хьал. Ткъа дукхах болчу гайтамашкахула мехкан экономикехь кхиаран боларш хаало. В Путина дуккха а дийцира юьртан бахам кхиорах лаьцна а. Цо, бакъдерш далош, дийцира итт шо хьалха нийсса ах кхачанан сурсаташ дозанал арахьара чудохьуш хилла хиларх лаьцна. Ткъа хIинца Росси кхачанан сурсаташ кхечу пачхьалкхашна духкучарна юкъахь ю.
Кхин а дуккха а мехала дIахьедарш дира В.Путина шен костехь. Масала, ноналлин капиталан программа лаххара а кхин а шина шарна яхйийр ю. Герггарчу хенахь хьовсур ду генарчу Малхбалехь бахархошна маьхза латтанаш дIасадекъаран хьокъехь долчу законе. ТIедогIучу шарахь школаш ярна, тоярна 50 миллиард сом хьажор ду.
Къамел дерзош В.Путина воккхачу Iилманчин Менделеев Дмитрийн дешнаш делийра: «ДIасадекъаделла хилча вай сихха х1аллакдина д1адохур ду, вайн ницкъ цхьааллехь, бIаьхаллехь, дог-дикачу доьзалшкахь, вайн чоьхьара хьал-бахам кхиарехь, машар безарехь бу». Хьекъале дешнаш ду уьш, тахана вайна догIуш ду.
Вайн мехкан дерриге а халкъаша даггаха къобалдеш тIеэцна Россин Президента В.Путинани кост.
Д.АНАДЕВ
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо