Цхьа-ши дош…

Великобританин хIаваан тIеман ницкъаша хIокху деношкахь дуьххьара тохарш дан долийна Шемахь йолчу ИГИЛ – террористически организацин декъашхошна. Коьрта тохарш дина мехкадаьтта доккхучу меттигашна.

***

   Францин тIеман кеманаша дIахьош ду Иракехь йолчу «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна бомбанаш а, ракеташ а тохар.

***

   Россин Федерацин куьйгалло къобалдина Великобританин кеманаша Шемахь болчу террористашна дуьхьал тIеман операци дIайолаяр.

***

   Россис дIадолийна Иранна С-300 зенитно-ракетни комплексаш йохкар. Цу хьокъехь болчу бартана шина агIоно куьйгаш яздинера масех бутт хьалха.

***

   Индонезехь токхамаш хилар бахьанехь даккхий зенаш хилла бахархошна. Iаламан оцу бохамехь лаххара а 18 стаг кхелхина. БIеннаш бахархой цIенош доьхна бисина.

***

   США-н Президента Б.Обамас дIахьедина Шемара хьал тIамца бен листалург цахиларх ша тешна хилар. Цуьнца цо гайтина дуьненаюкъара бакъонашна ша инкарло еш хилар.

***

   Калифорнехь герзаш диттина 21 стагана чевнаш йина. Оцу зуламна бехке хиларан шеконца цхьана Iамаркахочун цIийнах хьаьжча цу чохь шаьш йина масех бомба карийна.

***

   Италерчу Сицилин проливехь хи буха воьдучуьра кIелхьарваьккхина 1500 мигрант. Уьш Iаьрбийн а, Африкин а мехкашкара бу.

***

   ОБСЕ-на юкъайогIучу пачхьалкхийн кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министрийн кхеташо хилира Белградехь. Коьртачу декъана цигахь дийцаре дира терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран хьокъехь долу гIуллакх.

***

   Украинин оборонин министерствос Iедалан куьйгалле дехна Россица йолчу юкъаметтигашкахь визийн раж юкъаялаяр.

***

   Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министр С.Лавров цхьаьнакхийтира Европин Советан генеральни секретарца Т.Яглондца. Цара дийцаре дира Шемара хьал а, Хонкарца йолу Россин юкъаметтигаш тояран некъаш а.

***

   Мехкадаьтта даккхаран гIуллакх 2016-чу шарахь а лахдан лерина бац Россера мехкадаьттадаккхархой.

***

   Россин дешин а, дуьненаюкъарчу валютийн а тIаьхьалонаш 27-чу ноябрана болчу хаамашца 364,9 миллиард доллар яра. Цу хьокъехь хаам бира мехкан коьртачу банкехь.

 

№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: