Х1окху деношкахь Зорбанан цIийнан актови залехь дIадаьхьира «Исламан зIаьнарш» газетан 25 шо кхачарна лерина даздарш.
Цигахь дакъалоцуш бара: Къилбаседа Кавказан федеральни округан Iеламнехан кхеташонан председатель Кадыров Хожа-Ахьмад, Нохчийн Республикин муфти Межидов Салахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун динан декъехула хьехамча, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Некъ» телерадиокомпанин директор Шахидов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин адамийн бакъонаш ларъяран векал Нухажиев Нурди, Соьлжа-ГIалин къеда Хийтанаев Мохьмад, иштта кхин а ведомствошкара а, учрежденешкара а хьеший.
Цхьаьнакхетар д1адолийра «Исламан зIаьнарш» газетах лаьцна ролик гайтарца. Цул тIаьхьа, юбиляраш декъал а беш, вистхилира Кадыров Хожа-Ахьмад.
– 25 шо хан ю «Исламан зIаьнарш» газет арадолу. Иза кIезиг хан яц. Кху газетехь беш болу болх халкъана оьшуш, динна оьшуш бу, тIекхуьуш долу къона чкъор ийманехь кхиорна оьшуш бу. Цундела халкъо дезаш тIе а эцна хIара газет. Шаьш язйина материал газет тIе йиллале хьалха соьга бIаьргтухуьйта кхара. Сов дерг дIа а доккхий, тIаккха зорбане йолуьйту. Уггаре а халчу хенахь, вахабизм боху питана нахана хIун ду а ца хуучу хенахь а, халкъана иза довзийта гIерташ, къахьегнарг «Исламан зIаьнарш» ду. Дала тIаьхье беркате йойла. Дала хIара газет дешарца а, кхунах пайдаэцарца а беркат дойла вайна.
Баьхкинчу хьешаша билгалдаьккхира, и газет оьшуш хилар а, цу газетан белхахоша бийриг мехала болх хилар а.
Газетан белхахошна а, ткъа иштта «Исламан зIаьнарш» газетан гIоьнчий хилла схьабогIуш болчу Кадыров Хожа-Ахьмадна а, Межидов Салахьна а, Шахидов Адамна а, цхьамогIа министерствийн цIарах Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а совгIаташ дира.
Цхьаьнакхетар дерзийра къоначу иллиалархочо Домбаев Мохьмада «»Исламан зIаьнарш» газетан гимн аларца.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: даздарийн дакъалацархой
№138, шот, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо