7-чу декабрехь Соьлжа-ГIаларчу журналистийн скверехь Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн ярмарка хилира. «Вести республики», «Даймохк», «Молодежная смена», «Ан-нур» газеташ а, «СтелаIад» журнал а дара ярмарке охьадехкина. Цигахь дакъалецира къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас, Нохчийн Республикин журналистийн союзан председатела Хатуев Ислама, Къоначу корреспондентийн школин директора Юнусов Хьамзата, иштта, лакхахь хьахийначу министерствон кхечу векалша а.
Ярмарка йолош, вистхилира Гудаев Лоьма: «Зорбане язбалар жигарадоккху мур бу хIара. ХIокху ярмаркин коьрта Iалашо ю газеташка а, журналашка а язлуш берш алсамбахар. Шарахь шозза вовшахтуху хIокху тайпа ярмарка. Баркалла ала лаьа, газеташ а, журналаш а деша а доьшуш, шайн-шайн хеннахь цаьрга язлуш болчарна. Билгалдаккха лаьа, шо-шаре мел дели а газеташка а, журналашка а язлуш берш алсамбовлуш хилар», – элира цо.
Газетех а, журналех а юьзинчу стоьлаш тIе бIаьрг хIуттура тIехбуьйлучеран. Цара газетех я журналех шайна хаа луург хоьттура редакцийн векалшка. Цара хазахетарца жоьпаш лора царна. Шайна хазахета газет а, журнал а схьаоьцура цара. Мелла а баккхийчара «Вести республики», «Даймохк» газеташ доьхура, ткъа къоначара – «Молодежная смена», «Ан-нур». Иштта, ешархоша шаьш доьшучу газетех, журналех лаьцна дешнаш олуш берзийра ярмаркин болх.
З.САНОВА
И.Матаговн суьрташ тIехь: ярмаркин дакъалацархой
№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо