ГIиллакх-оьздангаллин дашо бакъе

укне4у6ен

Хийла а хаттар хIутту стагана хьалха, оцу я кхечу хьоле нисвелча, хIун дан деза, бохуш. Эхь-бехк долуш, наха шена эр долчух ларвала лууш волчунна-м муххале а.

Вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис ду: «Хьайна хила лууш долу хIума нахана а хила лаа…, цуьнга терра, зен-зулам а хьайна ца дезарг, нахана а ма де». («Пайхамаран (I.с.в.с.) хьадисаш» жайни тIера). 2,5 эзар шо хьалха ваьхначу дуьненахь уггаре а доккхачу чинойн хьекъалчас  Конфуцийс аьлла бохуш, дуьненахь даьржина ду: «Хьайца схьалело ца луург нахаца дIа а ма леладе». «Хьайна дезарг нахана а дезий хаа» олуш кица ду нохчийн а.

Дуьненан кхечу къаьмнийн кицанашкахь а карадо оцу маьIница догIу дешнаш.

Нахаца йолчу юкъаметтигашкахь гIиллакх лардан луучунна лакхарчу хьадисал а, оцу далийначу дешнел а хьекъале хIума ца кхоьллина адамо. Дерриге дуьненахь а «гIиллакх-оьздангаллин дашо бакъе» аьлла цу дешнех. Вайн дахарехь, леларехь, даккхийчу, кегийчу тIенислучу гIуллакхашкахь вай цунах пайдаоьцуш хилча, ма дукха весаш, халахетарш, дегабаамаш кIелбуьсур бара.

Школера шен новкъа цIа йогIуш йолу йоI ядийна. И шийла кхаъ кхаьчча, хIун ойла хила еза ден, вешин? «Вайн сий дайина. Бекхам бан беза. Ишттаниг дуьтур дац!», – ду-кха дагадогIу дерг. Дика ду и зулам маслаIатца дерзахь. Амма иштта йоI ядор бахьанехь даккхий зуламаш хилла меттигаш кIезиг яц. МаслаIат хилча а, йоьIан дахар-м доха ма дой. И зулам дан дагадеанчара шайна дагадаийтахьара: «… хьайна ца дезарг, нахана а ма де». Шен йиша ядийча, шена хетан дерг дагадаийтахьара.

…Дахарехь хийла йиш йоцург, дагахь доцург нисло. Нах хьан керта дехарца богIуш меттиг а хуьлу. Муха жоп дала деза? ХIаъ я хIан-хIа. Тахана хьайга дехаре баьхкинчийн метта хьуо хIоттавехьа.

Жимма собардай, кхана хьайна тIе дан тарлучун сурт хIоттадехьа. ТIаккха хуур ду хьуна Далла а, нахана а хьалха хьо юьхькIайн хир волу жоп дала.

…Белхан меттиг-м хьеха а ма е хьайна, вайн гIалин урамаш ду денна цхьана наха цIандеш, дукха хьолахь зударий хуьлу и болх беш берш. Ткъа вай хIун до? Дагадеъначохь кехат, шиша, цигаьрка, кхиерг охьакхуссу. Юха а дагадаийтича, и нехаш схьагулъеш ерг сайн нана хилча, кхуьйсур ярий ас мич-мичхьа нехаш? Кхуьйсур ма яцара, ша адам долчо.

…Нехан кора кIел машен дIа а хIоттайой, хьера яьлча санна, магнитофоне гIовгIа йойту. Оцу балхах самукъадолуш Iачу кегийчу нехан бала бац, оцу цIа чохь верг вуй те хIорш санна, оцу гIовгIанах воккхавеш бохучун. Цомгаш ву те иза, тезет долуш ву те? Нехан юьртахь, нехан урамехь, нехан цIенна хьалха иштта гIовгIа яйтар гIиллакхе доций ца хаьа царна. И саннарг шайн кора кIел лелийча, шайна товр дара я дацара бохург дагадан хьекъал мукъане хилахьара.

ХIорш-м цхьа кIезиг масалш бен дац. Денна а ма дукха нисло ахь цхьа сацам бан беза мIаьргонаш: хIокхунна тIера ахча ло те я ма ло те, машен сацае те я ма сацае, некъ бита те я ма бита, тезета гIо те я ма гIо, хIун совгIат эца те, тойне кхайкха те я ма кхайкха, кхин а, кхин а. Ойла йича, даккхий доцу хIуманаш, амма оцу кIезигчара билгалдоккху хьан гIиллакх-оьздангаллин тIегIа. Ишттачохь дагадаийта: «Хьайна хила лууш долу хIума нахана а хила лаа».

Хьайна ямарт хила луур дуй хьуна? Хьайна тешнабехк бан луур дуй хьуна? Хьайца харцо лело луур дуй хьуна? Ма дац. ТIаккха диц ма де: «хьайна ца дезарг, нахана а ма де». Хьайна цIе яьлча, орца дезар ма ду хьуна, тIаккха хьуо нахана орцанна а сихло.

Къаьсттина кегийрхоша дагахь латто дезара: кхета атта а, шайца доккха хьекъал а долу, гIиллакх-оьздангаллин дашо бакъе хилла эзарнаш шерашкахь лаьтта хIара дешнаш: «Хьайца схьалело цалуург нахаца дIа а ма леладе, хьайца схьалело луург нахаца дIа а леладе»,

Хь.ЭНГИНОЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: