Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствос толлуш ду школашкахь хьехаран хьал. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедилларца беш бу и болх.
Школашкара хьал довзар урокийн анализ яр а ду оцу талламна юкъадогIуш. Талламан балхана леррина кхоьллина комисси ю дешаран, Iилманан министерствон а, Дешаран мах хадоран туьшан а, Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран нохчийн институтан белхахойн а цхьаьнатоьхна. Берашна Iилма хьехар пачхьалкхан Федеральни дешаран стандарташца нийса догIуш ду-дац хьажаран Iалашонца еш ю Дешаран мониторинг.
Къаьсттина боккха тидам тIебохуьйту школашкахь лакхарчу классашкахь дIахьочу урокашна а, цара ЕГЭ-на кечамбаран гIуллакхна а», – элира комисси кхолларан хьокъехь дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала. Мониторинган жамIаша хьехархойн белхан хьесап дарна тIехь а, дешархойн кхиамийн мах хадорна тIехь а хIоьттина сурт гойтур ду. ТIекхио оьшург муьлха агIо ю гучудолу иштта талламан белхаш бича. Мониторинган жамIаш дича, комиссин декъашхоша цхьаьнакхетарш до хинболчу выпускникашца. Кхачамбацарш дийцаре до оцу цхьаьнакхетаршкахь. ХIора районан дешаран отделашка а, школийн куьйгалхошка а дIакхачадо шаьш кечдина хьехарш, керла тIедахкарш.
З.ШАЛИЕВА
№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо