дакъалоцур ду Ерригроссин похIмечу берийн дешаран «Сириус» туьшан программехь
2015-чу шеран 1-чу декабрера дуьйна 24-гIа декабрь кхаччалц Сочи гIалахь «Сириус» дешаран туьшахь «Iилма» аьллачу декъехь дIахьур ю математикин Къилба смена.
Цу юкъайоьду математикин школа, иштта математикин турнираш, олимпиадаш, къаьсттина тидам тIебохуьйту культурин-садаIаран а, спортан-могашалла тояран а программашна.
Оцу программехь шайн хаарш зуьйш ву ГIирма Республикера, Севастополера, Къилбаседа а, Къилба а Кавказан федеральни округийн 15 регионера 7–11-чуй классийн 200 дешархо. «Сириус» дешаран туьшан дакъалацархой математикин Къилба сменин Положеница нийса а догIуш, хьалхуо дIаяьхьначу шина турах чекхбевлларш бу уьш.
Нохчийн Республикера цигахь дакъалоцуш бу: Серноводскерчу №1 йолчу юккъерчу школин дешархо Гушакаев Хьамзат, Ассиновскерчу юккъерчу школин дешархо Иналкаев Ислам, Президентски лицейн дешархой Миназаев Дени, Юнусов Арсен, Баталов Мохьмад-Эми, Музаев ИсмаьIал.
Математикин Къилба смена лерина ю математикин хаарш дика долчу дешархошна. Церан похIма кхин а кхиорна а, культурин а, дешаран а тIегIанаш лакхадахарна тIехьажийна ю и программа.
Л.ДАУТОВА
№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо