«Тереко» «Мордовица» очкош йийкъира

   Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 18-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» 3-чу декабрехь цхьаьнакхийтира Саранскерчу «Мордовица».

   Цхьаьнакхетар долалуш ший а команда тIахъаьлла ловзура. Хьалхарчу тайман 13-чу минотехь Родолфус тоьхна буьрка кевна чуяхаза елира, дуьхьало йира «Мордовин» голкипера. Иштта кхин цкъа, 29-чу минотехь, соьлжагIалахойн таро яра счет схьаелла, амма Р.Уциевс 15 метр генара тоьхна буьрка кевнна уллехула елира. Счет кхин схьа ца йоьллуш садаIа бахара уьш.

Амма шолгIа тайм йолаелча а ца хилира кхин хийцам. Шина командо очкош йийкъира. Турнирни таблицехь Мордови 16-чу меттехь ю (14 очко), ткъа «Терек» (28 очко) – 7-чу меттехь.

РогIерчу турехь, 1-чу мартехь, «Мордови» хьошалгIахь ловзур ю «Уфаца». Ткъа «Тереко» цу дийнахь, шайн цIахь, «Ахмат-аренехь», тIеоьцур ю Москвара «Локомотив».

А.ТУРШИЕВ

 

№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: