дIаяьхьира могашалла ледара йолчу спортсменашна юкъахь
Соьлжа-ГIаларчу «Оргтехникин» Культурин цIийнехь
Иза вовшахтоьхнера спортан «Ламан аз» школо. Цигахь дакъалоцуш вара йозаллин барам 65 кийланна тIера 85 кийлане кхаччалц волу 24 спортсмен. Уьш бара «Ламан аз» школин, «Нохчийн Республикин къорачийн юкъаралла» заьIапхойн региональни юкъараллин организацин, Ерригроссин къорачийн юкъараллин Нохчийн региональни отделенин декъашхой.
Турнир вовшахтоьхначара дийцарехь, иза дIаяхьаран Iалашо яра заьIапхошна юкъахь спорт яржор а, уьш гуттар а физически культурехь къахьоьгуш хилийтар а.
Турнирана дика кечам бинера цуьнан дакъалацархоша.
Хала къийсадаларш чекхдевллачул тIаьхьа билгалбевлира толамхой: Дудахов Бадруддин, Селимов Iела, Селимов Iумар, Амтаев Ислам, Шамсудинов Хьусейн.
Толамхошна мидалш а, дипломаш а делира.
Л.ИБРАГИМОВА
№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо