Къоначу дзюдоистийн кхиамаш

ХIокху деношкахь Аргун гIалахь №6-чу ДЮСШ-хь дIаяьхьира кегийрхошлахь дзюдохула республикехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара РЦ ДЮСШ-н а ткъа иштта республикин ерриге а районашкара ДЮСШ-н а къона спортсменаш.

Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь.  Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Р.Эпендиев (65 кг) ДЮСШ – Нажи-Юрт, А.Цураев (65 кг) №4 йолу ДЮСШ Соьлжа-ГIала, М.Лорсанов (60 кг) №7 йолу ДЮСШ  Шуьйта, Д.Такалов (55 кг) ДЮСШ №1 йолу ДЮСШ Соьлжа-ГIала, М.Мараев (50 кг) оццу школера А.Минкаилов (46 кг) №3 йолу ДЮСШ – Теркан район, Р.Мадашов (42 кг) ДЮСШ №13 – Нажи-Юрт, Т.Товсултанов (38 кг) циггара М.Умханов (35 кг) №6 йолу ДЮСШ – Аргун гIала, Н.Абдулаев (32 кг) №9 йолу ДЮСШ – Гуьмса гIала.

Турнир вовшахтухуш а, дIахьош а доккха гIо лецира РЦ ДЮСШ-н директора Чапаев Султана, цундела ларамаза дацара цунна тренерша а, спортсменаша а доккха баркалла алар.

З.ШИШХАНОВА

 

№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: