Литературин рузма

Гадаев Мохьмад-Селахь

   Гадаев Мохьмад-Селахь, поэт, вина 1909-чу шеран декабрь беттан 10-чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Чуьрча-Ирзе юьртахь.

XX-чу бIешеран 30-чу шерашкахь евзира М.С.Гадаевн цIе нохчийн литературехь. Поэтан стихийн хьалхара гулар араелира 1940-чу шарахь. Оцу гуларехь зорбане евллачарна юкъахь яра «Йисите», «Бэлин йиш», «Испанхойн нана», «Китайн партизан», кхийолу стихаш, «Тоьпан тата» поэма. Оццу шерашкахь язйира М-С.Гадаевс «Буьйсанан бере», «Ши стаг» поэмаш, «Нус», «Акхаралла» повесташ.  Дукха къахьоьгу цо оьрсийн тоьллачу яздархойн произведенеш нохчийн матте гочъеш а.

   Оьмаро шена еллачу 63 шеран хенах 30 шо гергга хан набахтешкаххьий, ссылкеххьий яккха дезна поэтан. Оцу бахьаненна еххачу хенахь цуьнан произведенеш поэзиезархошна ца евзаш лаьттира, лаьцначохь язйина дуккха говзарш яйна а йисира. Бакъду, цуьнан тоьлла байташ – «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта», «РегIара поп», «ЦIен-Берд», «Дарта», «Гитарин аз», иштта кхиерш а – куьйга язъеш, къайлах кар-кара луш, лелаш яра поэзи езачарна юкъахь. Гадаев  Мохьмад-Селахьан кхолларалла нохчийн литературин, шерашца шен мехалла йовр йоцу, хазна ю. Поэтан кхалхар хилла 1972-чу шарахь.

 

Мамакаев Мохьмад

   Мамакаев Мохьмад, поэт, яздархо,  юкъараллин гIуллакххо,  вина   1910-чу  шеран  декабрь  беттан  16-чу   дийнахь.

Дешна   Малхбален  къинхьегамхойн Москварчу   коммунистически  университетехь. Цул  тIаьхьа   белхаш  бина   Нохчийн   автономни  областан  прокурор, «Грозненский рабочий» газетан  редакторан  заместитель, «Серло»  газетан  редактор   волуш. Шен  дахаран   тIаьххьарчу  шерашкахь   «Орга» альманахан   редактор    лаьттира. Дуккха а   шерашкахь, бехк-гуьнахь  доцуш,  чохь   валлийна  яздархо.

   1926-чу  шарахь   дуьйна   волавелла иза   яздан. Дуьххьарлера   стихаш   зорбане   йийлина  «Серло»  газетан  агIонаш  тIехь.

1928-чу  шарахь   язйо  нохчийн  литературехь  дуьххьарлера     «ЦIий   хуьйдина  лаьмнаш» поэма.

   Ерриге  а ткъе   итт сов книга  язйина  М.Мамакаевс: «Сан  некъан   кехат», «Орган  тIехь   сатесна», «Ненаца дина   къамел»,  «Iаса  тIехь   наж», «Хаьржинарш»,  «Со  юхавогIур ву», «ТIулгаша а дуьйцу» – стихийн   гуларш; «Революцин   мурд»,  «Зеламха» – романаш, иштта  кхин а. Нохчийн литературин  бухбиллархойх   цхьаъ  ву  М.Мамакаев.  Поэтан   кхалхар   хилла  1973-чу   шарахь.

 

Исаева Марем

   Исаева Марем, яздархо, хьехархо, йина 1898-чу шеран декабрь беттан  20-чу дийнахь  Одессехь. ХIетахь  оцу  гIаларчу  университетехь  доьшуш хилла  шен  схьавалар  Iалхан-Юьртара  долу  цуьнан да  Исаев  Султан. Соьлжа-ГIалара гимнази  чекхъяьккхинчул  тIаьхьа, болх беш, дешна  Ростоверчу  пачхьалкхан  университетан филологин  факультетехь. Белхаш  бина  Нохчийн областан  дешаран  отделан  цхьана  декъан куьйгалхо, тIаьхьо  областан  дешаран  отделан  куьйгалхо  йолуш. Цунна  тIехь  дара  буоберашций, Iуналла доцуш  дисинчу  берашций  кхетош-кхиоран  болх  вовшахтохар, дукха  къахьийгира  Марема Нохчийчохь  йоза-дешар  даржоран декъехь. 1937-чу шарера  1944-гIа  шо  кхаччалц  республикин мохкбовзаран  музейн  директор   лаьтта.

   1935-чу шарахь  Марема  арахоьцу юьхьанцарчу  классашна лерина  дешаран  книга. 30-чу  шерашкахь  язйира  цо «ГIамар  Iин», «Вайн  дуьхьа  эгнарш» поэмаш. 60-чу шерашкахь  цо арахийцира «Ирсан  орам», «Ирс кхоллархой» романаш. Нохчийн  зударех дуьххьара  лаккхара  дешар  чекхдаьккхинчарех ю Марем  (тхан хьесапашца), дуьххьара  министран  даржехь хилларг а ю иза, тIаьххьара, нохчийн  литературехь  роман  язйина  дуьххьарлера  зуда а ю.

Кхелхина 1977-чу шарахь.

№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: