Хууш ма-хиллара, Россин Федерацин Президентан Указца 2015-гIа шо Литературин шо аьлла, дIакхайкхийна дара. Оцу гIуллакхца Россин лаккхарчу Iедало билгалдаьккхира литературо къоман дахарехь доккха маьIна лелош хилар. И маьIна кхин а айъаран, тIекхуьучу чкъурехь исбаьхьаллин литература ешаре хьашт кхолларан Iалашонца кхайкхийна дара Литературин шо. Цуьнан гурашкахь дуккха а гIуллакхаш дина Нохчийн Республикехь. Уггаре а хьалха Нохчийн Республикин Правительствон сацамца кхоьллира Нохчийн Республикехь Литературин шо дIадахьаран вовшахтохараллин комитет, шен коьртехь Нохчийн Республикин Парламентан Председатель а волуш. Цуьнан декъашхошлахь бара цхьацца министерствийн, ведомствийн куьйгалхой, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, хаамийн гIирсийн, кхоллараллин организацийн куьйгалхой, яздархой.
Правительствон сацамца чIагIйинчу планаца билгалдина дара 68 гIуллакх кхочушдар. Ала деза, коьртачу декъана, уьш дерриге а кхочуш а дина. Нохчийн Республикин яздархойн союзца цхьаьна Литературин шарна лерина гIуллакхаш дIадахьарехь жигара дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан а, культурин а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу а министерствоша, Нохчийн Республикин Iилманийн академис, Айдамиров Абузаран цIарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотеко, лаккхарчу дешаран заведенеша, кхечу организацеша, учрежденеша.
МаьIне гIуллакх дара Яздархойн союзо «2015-гIа шо – Литературин шо» календарь арахецар. Цуьнан мехалла иза нохчийн маттахь хиларх йоллу. Беттанийн а, кIиранан денойн а цIерш нохчийн маттахь ялош календарь вайн хIинццалц хилла а яцара. Нохчийн 69 яздархочух, поэтах, литературоведах, публицистах боцца хаамаш бу цу тIехь. Нохчийн меттан, литературин хьехархоша, библиотекарша, хаамийн гIирсийн белхахоша дика тIеэцна и болх. Яздархойн союзан книгаш арахецаран балхах дерг аьлча, карарчу шарахь арахецна 20 сов книга. Царна юкъахь ю Газиева Азин «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» очеркийн книга (нохчийн гоьбевллачу зударех – Дадин Айбика, Iаьмара Заза, Саракаева Марем, Курумова Селима, Чентиева Марем, Батукаева Асет, Насуханова Ляля, Гайтукаева Бана… – 19 очерк), Кусаев Iадизан байтийн, дийцарийн, гочдарийн «Иэс» гулар, Яндарбиев Хьамзатан «Ирсан тIулг лехар» цIе йолу прозин книга, Муцураев Олхазаран Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойх лаьцначу очеркийн книга, Джумалаева Лулин оьрсийн маттахь повесть, Такалашов Султанан, Дагалаева Маликин, Джебиев Хьусайнан, Эдисултанов Лом-Iелин стихийн гуларш, Гелагаев Сайд-Мохьмадан «Дийнатийн, ораматийн дуьне» книга, иштта кхиерш.
Нохчийн гоьваьллачу поэтан Мамакаев Мохьмадан хаьржинчу белхийн йоккха том арахецна Нохчийн Республикин Iилманийн академис. Поэтан, ерриге а ала мегар долуш, стихаш (царах тоьлла ерш муххале а), «ЦIий хуьйдина лаьмнаш», «Непсин безам», «Со вина де», «Майрачийн илли», «Кемсийн хорха», «ЖаIуьнан Iожалла» поэмаш, кхечу къаьмнийн поэтийн М.Мамакаевс нохчийн матте гочйина стихаш, ткъа иштта «Чеченский тайп в период его разложения» Iилманан болх, яздархочух шех лаьцна статьяш яхана тома юкъа. Iилманийн академис 2010-чу шарахь дуьйна кхочушъеш йолчу «Нохчийн Республикин къаьмнийн синкхачанан хазна» проектан гурашкахь арахецна ю М.Мамакаевна лерина йолу том. Нохчийн литература езархошна цунах деза совгIат а хилла.
Литературин шарахь дукха хилира яздархойн ешархошца цхьаьнакхетарш, къаьсттина и болх, жигарабаьккхина, дIабаьхьира Нохчийн меттан де даздаран муьрехь. Наггахь дешаран учреждени ца йисина ала мегар ду яздархошца, меттан говзанчашца, журналисташца цхьаьнакхетар вовшах ца тухуш.
БIеннаш дешархой, студенташ хилира Мамакаев Iарбин (Лаха-Невре), Айдамиров Абузаран (Мескита), Лев Николаевич Толстойн (Старогладовски станица), Мамакаев Мохьмадан (Хьалха-Мартана), Михаил Юрьевич Лермонтовн (Парабоч), Сулейманов Ахьмадан (Олхазар-КIотар) музейшкахь.
Ламасте дирзина догIу керла книгаш йовзийтар. Иштта, Зорбанан цIийнехь дIадаьхьира Газиева Азин «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» книга йовзийтар, ткъа Айдамиров Абузаран цIарахчу библиотеко вовшахтуьйхира Яндарбиев Хьамзатан «Ирсан тIулг лехар» книгина презентаци яр. Республикехь шуьйра билгалдаьккхира Нохчийн Республикин халкъан поэт Арсанукаев Шайхи вина 85 шо кхачар. Цунна лерина Зорбанан цIийнехь дIадаьхьначу даздаршкахь яздархоша, журналисташа, цуьнан хиллачу студенташа дуккха а дийцира халкъан поэтах а, цуьнан кхоллараллех а лаьцна. «Арсанукаев Шайхи вайна массарна а везаш, лоруш, тоьлла поэт вара. Нохчийн къам дийна мел ду цуьнан иэсехь вуьсур ву иза, ткъа Шайхин поэзи даима а ехар ю нохчийн литературехь», – билгалдаьккхира цигахь ша динчу къамелехь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан куьйгалхочо Ибрагимов Кантас. Иштта дIадаьхьира Минкаилов Эльбрусан 60 шо а, Хасбулатов Ямлиханан 80 шо а кхачарна лерина гIуллакхаш. Нохчийн литературин бухбиллархо волчу Бадуев СаьIидана лерина литературин суьйре хилира Къоман библиотекехь, ткъа Хьалха-Мартан районан библиотекехь вовшахтуьйхира Айдамиров Абузар дагалацаран гIуллакх.
Мехала дара Кегийрхойн цIийнехь, Къилбаседа Кавказан Федеральни округан Литературин хьалхара Универсиада а, цуьнан гурашкахь къоначу литераторийн форум а дIаяхьар. Цуьнан болх берзорна леринчу даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Мисербиев Садос, яздархоша Ибрагимов Кантас, Мамакаев Эдуарда. «Литературо адамна дикачу агIор тIеIаткъам бо, цуьнан хьекъалан таронаш совйоху, ткъа къоначу яздархоша, поэташа литературина юкъа шайн хазна йиллина ца Iаш, цигахь дакъалацарца нийсархошна дика, беркате масал гойту», – элира форум ерзош, ша динчу къамелехь Мисербиев Садос.
Литературин шарна лерина гIуллакхаш дуьйцуш, ца хьахо йиш яц, Парижехь хиллачу дуьненаюкъарчу а, Москвахь дIаяьхьначу ерригроссин а книгийн ярмаркашкахь нохчийн яздархоша кхиамца дакъалаьцна хилар. Ткъа Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь нохчийн, оьрсийн, хIирийн, гIалгIайн, жIайхойн, туркойн меттанашкахь йолчу книгийн гайтам-ярмарка вовшахтуьйхира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, регионан юкъараллин «Оптимум» организацис а. «Таханлерчу кегийрхойн книгашка болу безам алсамбаккхарна лерина ю ярмарка. Карахь дерг Литературин шо хиларна, хIокху тайпа гIуллакхаш кест-кеста дIадахьа лерина ду тхо, – бохура «Оптимум» организацин куьйгалхочо Ахмаев Руслана. Иштта ярмаркаш кхечу гIаланашкахь дIа а яьхьира цара.
Литературин шарна лерина яра дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Iилманийн академехь дIаяьхьна Iилманан конференци а. Цуьнан тема яра «Л.Н.Толстойн философин, динан хьежамаш а, син дахаран историн, вайн заманан зеделларг а». Конференцин балхахь дакъалецира Гуьржийн Къоман академин президента, биологин Iилманийн доктора Г.И.Квеситадзес, оцу академин вице-президента, историн Iилманийн доктора Р.В.Метревелис. Конференцехь чулацаме къамелаш дира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента, историн Iилманийн доктора Ш.Гапуровс, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела, экономикин Iилманийн доктора К.Ибрагимовс, философин Iилманийн доктора В.Акаевс, Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста А.Газиевас, литературоведа, филологин Iилманийн кандидата К.Гайтукаевс, фольклориста, филологин Iилманийн кандидата И.Мунаевс, кхечара а.
Шеран дохалла кхочушдина дерриге а гIуллакхаш дагардан а дукха ду, ницкъ кхочучу барамехь, цхьа тIоьххула, цаьрга бIаьрг кхарсто хьаьвси тхо. Цхьа а шеко йоцуш, оцу гIуллакхо (2015-гIа шо Литературин шо кхайкхоро) шен беркате лар юьтур ю ерриге Россин а, ткъа иштта Нохчийчоьнан а литературин дахарехь.
Хь.АБАЕВ
№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо