Яздархойн кхиамийн серлонехь

Тахана мах боцу беркат хилла дIахIоьттинчу нохчийн къоман литературин  орамаш бIешерийн кIоргенера схьадог1уш ду. Шеко йоццуш, цуьнан бухехь халкъан барта кхолларалла ю: божарийн иллеш, мехкарийн эшараш, къанойн узамаш, мурдийн назманаш. Бусалба дин тIеэцаро Iаьрбийн йоза далийна вайнехан дахаре. Бух боцу хIорд санна шорта шайгахь Iилма хиллачу вайн оьздачу дайша яздина жайнаш ду нохчийн литературина нуьцкъала гIортор хилла лаьтташ. И тайпа  мехала жайнаш вайна  дитинчарна юкъахь бу ерриге а Къилбаседа Кавказехь бевзаш хилла молланаш: С. Гайсумов, Ш. Сугаипов, А. Тучаев иштта дуккха кхиберш а.

  XIX-чу бIешеран шолгIачу декъехь гучуйовлу вайнахах лаьцна оьрсийн маттахь язйина литературин исбаьхьаллин хIуо деттало говзарш.  Уьш уггаре а хьалха оьрсийн паччахьан эскаран эпсар хиллачу Лаудаев Умалтан йозанаш ду. Нохчийн къомах дерг дуьненна довзийта лууш публицистикин жанрехь ю Умалта язйинарг. Амма иза язйиначу хене ладоьгIча Iаламат мехала, чулацаме болх бу цо бинарг. Нохчийн къоман векалийн йозанаша беркате зIийдиг тесна хан лара йогIу ХХ-чу бIешеран юьхь. Эпсарийн, совдегарийн доьзалшкара цхьамогIа кегийрхой бовлу цу муьрехь. Цара бIаьрла лар йитина вайнехан литературехь, царах лараме дош ала хьакъду. Уьш уггаре а хьалха вежарий ШериповгIар бу, цаьрца цхьана могIарехь схьабогIуш бу  вежарий МутушевгIар, Саракаев Ибрах1им-Бек, Эльдерханов Таьштамар, Хакишев Солта,  иштта дуккха а кхиберш а. ШериповгIар, Саракаевс шайн статьяш, очеркаш Кавказан  шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбане йохуш хиллехь, вежарша МутушевгIар ИсмаьIала, Ахьмадхана  Петербургехь арадолуш хиллачу «Новая Русь» цIе йолчу газетехь зорбане яьхна шайн очеркаш. Кхузахь билгалдаккха лаьа, вежарийн МутушевгIеран жигаралло схьаеллийтина цу газетехь «бусалбанийн» отдел. 1918-чу шарахь Владикавказехь зорбане йоккху «Из чеченских песен» цIе йолу Шерипов Асланбекан книга. Автора ша оьрсийн матте даьхна иллеш, церан башха поэтика дуьненна дIайовзийта лаарна. Нохчийн йоза юкъадаьлларг 1925-гIа шо ларалуш ду. Дуьххьарлера йоза латиници тIехь дара. Оццу шерашкахь газет арадолу нохчийн маттахь «Серло». Нохчийн яздархо  СаIид-Бей Арсанов вара газетан коьрта редактор. Цуьнан хьуьнар, нуьцкъала амал бахьанехь арадаьлла дара и газет. Къоман воккха патриот, говза яздархо Арсанов СаIид-Бей хиларна тоьшалла до цуьнан  кхолларалло.  Нохчийн маттахь дуьххьара арадаьллачу газетах Iаламат чIогIа самукъадаьлла, цуьнца уллера гергарло лелийна ву нохчийн къоман литературин юьххьехь лаьттина Сальмурзаев Мохьмад, Нажаев Ахьмад, Дудаев Iабди, иштта кхиберш а. Церан похIмечу говзарша, къегинчу хьуьнарша гIо-накъосталла деш новкъадаьлла ду нохчийн къоман газет шен беркатечу дахаре.

Нохчийн яздархойн хьалхарчу тулгIенах ларалуш бу Ошаев Халид, Бадуев СаьIид, Айсханов Шамсудди. Кхоллараллин белхан алссам зеделларг долуш волчу Арсанов СаIид-Бейс уьш тIеозабой, 1929-чу шарахь дуьххьара вовшахтуху нохчийн къоман Яздархойн союз. Цкъачунна Соьлжа-ГIалахь йолчу оьрсийн пролетарски яздархойн цхьа дакъа санна болх бан йолало союз. Амма дукха хан ялале гучуйовлу Бадуев СаьIидан «ЦIеран арц», «Iадат», «Мацалла», «Дашо Iам», Мамакаев Мохьмадан «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» цIе йолу поэма, кхечу яздархойн говзарш. Царна юкъахь Ошаев Халиданаш а. Де дийне мел долу чIагIлуш схьадогIу нохчийн яздархойн нуьцкъала аз. Церан  кхоллараллех довха дешнаш  олу Москвахь а, Ленинградехь а Iаш болчу оьрсийн яздархоша. КIезиг бацара цу муьрехь литературехь шайн хьуьнарш зуьйш болу зударий. Уггаре а хьалха шех дош ала хьакъ ю  Исаева Марем. Иза лаккхарчу даржашкахь белхаш беш зуда яра. Амма мукъа йисинчу миноташка исбаьхьачу шатайпаллица къаьста говзарш язйо цо. ТIаьхьо Iаламат похIме яздархо хир ю цу хьуьнаречу зудчух. Вайнах махках  бахарх дуьххьара шен кхоллараллехь дош аьлларг Исаева Марем ю.

ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш юккъе доьлхуш нохчийн литературе Мамакаев Iаьрби веара. Цунах дукхахболчара «нохчийн Есенин» олура. Хетарехь, цуьнан «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолчу поэме кхочуш вайнехан литературехь зевнечу лирикех юьзна кхин говзар каро хала ду. Iаламат жигара стаг хилла Мамакаев Iаьрби. Радиохь болх бан а, байташ язъян а, къоман театраца  гергарло дIакхехьа а кхуьуш хилла иза. Наггахь ойланийн урх хецна, дагалецамашка ваьлча, и жигаралла юй-те цунна бале яьлларг олий хета. Iедало дукха ницкъ бина стаг ву Мамакаев Iаьрби. Бакъду, цу муьрехь хилла советийн Iедал цунна цхьанна ницкъ  бина Iаш дац. Бехк-гуьнахь доцуш тоьпаш тоьхна  нохчийн яздархошна Айсханов Шамсуддина, Бадуев СаьIидна, Дудаев Iабдина, Нажаев Ахьмадна. Дуккха а шерашкахь  луьрачу набахтийн къизалла, таIзар лайна ву Ошаев Халид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Арсанов СаIид-Бей, Гадаев Мохьмад-Салахь. Дерриге а шайн дахарехь нохчийн къоман синбIаьвнаш хилла чекхдевлла адамаш ду уьш.

КIезиг бац нохчийн яздархошна юкъахь 1941-чу шарахь дIаболабеллачу Сийлахь -боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцнарш  а. Уггаре а хьалха шех хастаме дош ала хьакъ ву Муталибов Зайнди. Иштта тIамехь дакъалаьцна ву Ясаев Мовла, Музаев Нурди, Чалаев Билал, иштта дуккха а кхиберш. Шен къизаллица цIевзина схьакхечира 1944-чу шеран 23-чу февралан шийла Iуьйре. Сталинан хьадалчаша къинхетамза махках даьккхира дерриге а халкъ. Амма декъаза къам махках даккхарх цуьнан яздархойн аз лакъо ницкъ ца кхечира церан. Цигахь яздина ду Гадаев Мохьмад-Салахьа яхь йолчу массо а нохчичунна дагахь хуу хIара могIанаш;

Чурт санна лаьтта со гIум-азин арахь

Малхбузе мел хьоьжу дог Iийжадо…

Нийса хир дацара халкъ махках даьккхина, кхойтта шарахь дай баьхначу махках хьегочу муьрехь нохчийн яздархой мукъа Iийна аьлча. Цара хаддаза кехаташ яздора Кремлехь болчу хьаькамашка, къоме кховдийначу ямартлонах, шайна тIехь латточу харцонах, халкъана цIадерза лууш хиларх лаьцна. Къар ца луш зорбане даьккхира нохчийн маттахь долу газет, схьайиллира ненан маттахь болх беш йолу радио. 1956-чу шарахь Казахстанехь зорбане елира Арсанов СаIид-Бейн «Маца девза доттагIалла» цIе йолу роман. Цигахь гучубевлира вайнехан керла яздархой Хамидов Iабдулла, Хасбулатов Ямлихан, Айдамиров Абузар, Сулейманов Ахьмад, Сулаев Мохьмад. Даймахках, цуьнан сийлаллех, цуьнга болчу ховхачу безамах яра церан говзарш. Къоман дог-ойла ир-кара хIоттайора цара, Даймахке безам чIагIбора, къоман сирлачу кханенах дегайовхо кхуллура.

Мерза кхаъ хилла схьакхечира 1957-гIа шо. 9-чу январехь арадаьллачу  газето хаам бора 13 шарахь лаьттина Грозненски область дIаяьккхина, Нохч-ГIалгIайн Автономни Республика юхаметтахIоттош хиларх. Катоьхнна дай баьхначу махка цIабирзинчу къоман яздархоша, Хамидов Iабдулла куьйгаллехь волуш, юхаметтахIоттийра нохчийн Яздархойн союз. Кавказан къоьжачу лаьмнех схьаIийдало шовданаш санна сирла, цIена, зевне декара юхаметтахIоттийначу Яздархойн союзо шен тидаме эцначу похIмечу кегийрхойн аьзнаш. Тахана церан сийлахь цIерш къоман дозалла хилла дIахIиттина: Арсанукаев Шайхи, Ахматова Раиса Кибиев Мусбек, Ращидов Шаид, Шайхиев Iалвади, Сатуев Хьусайн, Саракаев Хьамзат, Дикаев Мохьмад, Мамакаев Эдуард , иштта кхиберш а. Поэтийн деган кIоргенера Iанаоьхуш хетара цара Даймахках язден зевне могIанаш.

1958-чу шарахь зорбане йолу Ахматова Раисин нохчийн маттахь «Хьоме Республика» цIе йолу книга. 1961-чу шарахь Ахматова Раиса Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзан председатель харжаро дог ир-кара хIоттадо кхечу зударийн а шайн ницкъаш кхоллараллехь зен. Масех книга зорбане йолу Анзорова Балканан а. «Дохк» цIе йолу говзар зорбане йоккху Курумова Селимас. Ткъа ша Ахматова Раиса Нохчийчохь евзина ца Iаш Къилбаседа Кавказехь гIараяьлла евзаш поэт ю. Москвахь а, Ленинградехь а, Россин пачхьалкхан дозанал генна арахьа хаддаза зорбане юьйлу цуьнан говзарш кхечу къаьмнийн меттанашкахь. Вайнахах дуьххьара «халкъан поэтесса»  сийлахь цIе туьллу цунна. Ахматова Раисин, Мамакаев Мохьмадан, Сулаев Мохьмадан, иштта кхечеран дешнаш тIехь даьхна иллеш дека хаддаза радиохь а, телевиденехь а. Ткъа тахана халкъан поэт волчу Рашидов Шаидан дешнаш тIехь даьхна иллеш заманан йохалла нур ца довш 50 шо сов зама ю вайн лерса хьоьстуш хаддаза эфирехь дека. Вайн эстрадехь наггахь артист вац Рашидов Шаидан а, Юсупов Iазиман а дешнаш тIехь даьккхина илли репертуарехь доцуш. И иллеш тоххара классика хилла дIахIиттина. Нохчийн къоман синбIаьвнех цхьаъ ву поэт Сулейманов Ахьмад. Заманан йохалла нур довр доцуш ю цуьнан  поэзи. Цуьнан байтех дукхахъерш тоххара мукъаме ерзийна вайн махкарчу иллиалархоша. Нохчаллин мерза хIуо детталуш бу похIмечу поэта язбина массо могIа. Нохчийн литературин классика хилла дIахIоьттина Сулейманов Ахьмадан ерриге а кхолларалла.

Тийналлехь цIеххьана кхоьссина топ санна, массеран а тидам тIеозош гучуелира Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» цIе йолу роман. Кар-кара оьцуш йоьшура иза нохчийн литература, нохчийн къомах долу бакъдош дезачара. Цуьнан говзарш леха а лоьхуш йоьшура махкахоша. Нохчех наггахь а  хир вац аьлла хета цуьнан «Маршонан цIарах», «Лаьмнашкахь ткъес» романаш ешаза. Къоман дозалла, мах боцу беркат хилла дIахIоьттина Айдамировн ерриге а кхолларалла. Тоххара кхечу меттанашка яьхна цуьнан говзарш дозанал арахьа йоьшуш ю.

Ненан меттан гимн хилла дIахIоьттина Арсанукаев Шайхис язйина «Нохчийн мотт» цIе йолу байт. Кхин хIумма а цо язйина ца хилча а, и цхьа стихотворени тоьар яра Арсанукаев Шайхин цIе нохчийн къоман исторехь йисийта. Веданан кIошт Iаламат беркате, комаьрша хилла похIмечу адамашна.  Iаламат хала ду таханлерчу нохчийн къоман литературех къамел дан Нунуев Сайд-Хьамзатан кхолларалла ца хьахош. КIорггера хаарш, ира хьекъал, сема синкхетам болуш яздархо ву иза. Вайн махкахь дIахьочу кхетош-кхиоран белхан мехала дакъа ду кху тIаьхьарчу хенахь цо зорбане яьхна романаш. Вайнехан литературин хазна хилла дIахIиттина уьш.  Иштта шатайпаллица къаьсташ, маьлхан зIаьнаршца лепа бIаьстенан сийналлийца юьйцина, йоьшучунна дагна хьаам беш ю Гацаев СаьIидан башха поэзи а, цуьнан самукъане драматурги а. Драматурги хьаххийначуьра кхин цхьа хIума дара суна билгалдаккха лууш. Тахана вай хазахетарца буьйцу, царах самукъадолуш нохчийн къоман театран кхиамаш. Делахь а суна хаийта луур дара, театран юьххьехь а, цуьнан кхиарехь а онда дакъа нохчийн яздархоша лаьцна хилар: «Ошаев Халид, Бадуев СаьIид, Саидов Билал, Музаев Нурди, Гадаев Мохьмад-Салахь, Хамидов Iабдулла, Мусаев Мохьмад, Гацаев СаьIид, Ахмадов Iумар, Нунуев Сайд-Хьамзат, Яхьяев Леча, Ахмадов Муса, иштта кхиболчу яздархойн говзарша серлаяьккхина нохчийн къоман театр.

Шатайпа лераме меттиг дIалоцуш ю нохчийн къоман литературехь «Пхьармат» цIе йолу цхьаьнакхетаралла. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерийн юьххьехь Нохч-ГIалгIайн университетехь вовшахтоьхначу цу цхьаьнакхетаралло алсам яздархой, поэташ белла халкъана, махкана. Царах ву Исмаилов Абу, Абдулаев Леча, Бисултанов Апти, Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Минкаилов Эльбрус, Хатуев Iабдул-Хьамид, Уциев Абу, Эльсанов Ислам, Ясаев Леча, Ахматукаев Адам, Жумалаева Лула, Гайтукаева Бана, иштта дуккха а кхиберш. КIезиг бац царна юкъахь къоман дозалла хилла дIахIиттинарш. Къилбаседа Кавказехь тоьллачарех цхьаъ вара Нохчийн Республикин халкъан поэт Хатуев Iабдул-Хьамид. Нохчийн поэзи цIе йолу исбаьхьа дуьне серладоху жовхIарш хилла дIахIиттина цуьнан дукхахйолу байташ. Iожалло  вайна юкъара ваьккхина поэт дIавигнехь а, вайца яха йисина Iабдул-Хьамидан адамалле, къинхетаме, машаре кхойкху чулацаме кхолларалла. Иштта  вайна юкъара дIаваханчарех цхьаъ ву похIме поэт Талхадов Хьамзат а. Иза вайна юкъара дIавахначул тIаьхьа 2010-чу шарахь араелира цуьнан дуьххьарлера «Дагца къамел»  книга.

ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь евзира вайна дика хаарш долуш, ира хьекъал, сема синкхетам болуш, говзачу дашца муьлххачу Iалашоне кхача хьуьнар долуш хьалакхиинчу яздархойн керлачу чкъуран цIерш. Яшуркаев Султан, Цуруев Шарип, Саиев Iумар, Тагаев Сайд-Хьасан, Айдамирова Машар, Оспанов Къосум, Юсупов Iусман, Пашаев Нурди, Борхаджиев Хож-Бауди, Юсупов Руслан, Такалашев Султан, Шамсудинов Бувайсар, иштта кхиберш бу царна юкъахь.

Дуьненаюкъарчу тIегIане нохчийн яздархой хьалакхачарна къегина тоьшалла ду Бексултанов Мусан проза. Тахана болчу прозаикех тоьллачарех цхьаъ ву иза. Милла ойлане ваккха ницкъ кхочу цуьнан дийцарийн. Уьш дукха хьолахь нохчех ду. Цул совнаха, хьо нохчи хиларх дозалла дан Iамаво цара. Сема тидам беш М.Бексултанов Мусан проза йоьшучунна хуур ду къонах бохург хIун ду, нохчийн зуда муха хила еза. Бексултанов Нохчийн Республикин халкъан яздархо ву. Иза санна Нохчийн Республикин халкъан яздархо волу Ахмадов Муса ву цуьнга терра кхиамийн гIулчаш йохуш литературин ерриге а жанрашкахь хьанала къахьоьгуш. Церан могIарера ву Нохчийн Республикин халкъан поэт Абдулаев Леча. Лам тIе тесна ло санна, лаьмнашкара чIуг етташ хьаьдда догIу шовда санна цIена, нуьцкъала ю Абдулаев Лечин поэзи. Ира хьекъал, кIорггера хаарш, дешан говзалла мел оьшу ю цуьнан поэзехь.

Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран юьххьехь дIадолийнера нохчийн цхьаболчу яздархоша шайн йозанаш оьрсийн маттахь дар. Дагадаийта луур дара нохчийн дуьххьарлера роман Арсанов СаIид-Бейн «Маца девза доттагIалла» цкъа хьалха оьрсийн маттахь язйина хилар. Вайна массарна юьхькIам хилла дIахIиттина тахана оьрсийн маттахь болх беш болу яздархой. Хьалхарчу могIаршкахь шен цIе яккха хьакъ ву поэт Яричев Iумар. Цуьнан похIмечу могIанаша дIакхачийна Россин массо маьIIе  къоман гIайгIанаш, кхиамаш. Иштта шех довха дешнаш ала хьакъ ву Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта. Иза цхьаъ ву нохчийн яздархошна юкъахь Россин пачхьалкхан совгIатан лауреат. Вайн махкахь дIабоьдуш луьра тIом болуш 2003-чу шарахь кхечира и мерза кхаъ, Ибрагимов Кантас язйина «Прошедшие войны» цIе йолу роман бахьанехь цунна и совгIат дина аьлла. Нохчийн къоман яздархой кхиамийн лакхене кхачарна бIаьрла тоьшалла дара иза. Бакъду, цу толаме кхаьчна аьлла яздархо паргIатваьлла охьа ца хиира. Цул тIаьхьа  алсам романаш язйира цо. Дешархоша езаш тIеэцна уьш, говзанчаша лаккхара мах хадийна. Яздархойн союзан куьйгаллехь хиларе терра вайн мехкан юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцу Ибрагимов Кантас. Цул сов, иштта жигарабаьлла къоначу яздархошца беш болу болх а, церан говзарш зорбане яхаран болх а. Ибрагимов Канта Яздархойн союзан куьйгалле хIоьттичхьана алсам керла цIерш евзина вайна; Арсалиева Люба, Хабаев ИсмаьIал, Петирова ПетIамат, Абубакарова ПетIамат, Тумчаев Адам, Мурадов Iела, Даудов Гелани, Сагаева Залина, Халикова Асет, Тапалаева Амнат, Багаев Акроман, Матагов Исхан, Турлаев Турпал-Iела, иштта дуккха а кхиберш. Церан зевнечу кхолларалло дегайовхо кхуллу нохчийн къоман яздархойн кхиамийн серлонехь когайоьдуш похIме тIаьхье хиларх.

Дуьйцийла йоццуш инзаречу зиэрех чекхбевлла нохчийн яздархой таханлерчу зовкхе кхача. Уьш дика кхета, Дала гIазот къобал дойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин беркат шайх хьерчаш хиларх. Россин Турпалхочун, хIинца волчу мехкан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан комаьршачу тергонехь бу уьш хаддаза. Даима цунах баккхийбеш бу нохчийн яздархой. Цундела дегайовхо кхаба лаьа керлачу говзаршца цара кест-кеста вайн дегнаш хьостург хиларх.

ГАЗИЕВА АЗА

 

№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: