Идрисов Абухьаьжа – Даймехкан а, къоман а турпалхо

 (9-гIа декабрь — Даймехкан Турпалхойн де)

 Идрисов Абухьаьжа вина 1918-чу шеран 17-чу майхь Грозненски районан БердкIелахь, ахархочун доьзалехь. Чекхъяьккхина юьхьанцара школа. Цул тIаьхьа «Советан Росси» колхозехь жаIун болх  бина. 1939-чу шарахь ЦIен эскаре кхайкхина. Прибалтикехь йолчу гIашлойн 125-чу дивизе кхаьчна иза. Оцу дивизехь Абухьаьжас Iамайо пулеметчикан говзалла.Идрисов Абухьаьжа

   Даймехкан тIом болабелчхьана дуьйна  шен дивизина юкъахь дакъалаьцна цо. 1941-чу шеран июлехь цуьнан дивизис Псков – Йоккха Лукаш фронтан лини тIера Ильмен а, Селигер а гIаланашна юккъехь тIелеттачу мостагIашна дуьхьалдолчу тIеман тийсадаларшкахь дакъалаьцна. Пулеметчик хилла волчу Идрисовх иччархо «винарг» а 1941-чу шеран июль бутт бу.

Лакхахь хьахийна долу тIеман тийсадаларш дIадоьлхуш а долуш, мостагIчунна дуьхьалонна шена шатайпа меттиг кечйо пулуметчика Идрисовс. Цо кечйина меттиг дIасахьовзалуш доккхий, жимий ши Iуьрг а долуш яра. Доккхачу Iуьргаца мостагIчун дегI а лоцуш, жимчуьнца патарма кхета беза меттиг а къастош, пулеметца цхьацца патарма а кхуссуш, 22 фашист вожаво цо. Хьаькамаша, шайна Идрисовн тIеман говзалла евзинчул тIаьхьа, иччархо во цунах. Кеста цуьнан цIе евза ерриге а Къилбаседа-малхбузен фронтехь. Цунах лаьцна газеташ тIехь статьяш  язйо, иштта кхечу фронташка гIоьнна а кхойкху  иза.

1942-чу шеран октябрехь иза кхойкху мостагI тIелата кхерам болчу цхьана фронте. Кхерам эрна ца хиллера. Вуно буьрса дара мостагIчун тIелатар. Амма Идрисовс а, кхиболчу иччархоша а хержа а хоьржуш, мостагIчун эпсарш эгабаро мелла а лахбира кхерам. Иччархоша шайна яьккхина йолу таро эрна ца хилийтархьама, советан эскаран гIашсалташа шаьш жим-жима тIе а леташ 10 дийнахь юхатуьйхира фашистийн тIелатар.

Ткъа Идрисовс оцу 10 дийнахь 100 гергга немцойн салти а, эпсар а хIаллаквира. Цул тIаьхьа, 1943-чу шеран апрелехь Идрисовс хIаллакво 309 фашист. Иза бакъхиларна тоьшалла до Идрисов юкъахь волчу 370-чу гIашлойн дивизин хаамехь. 1944-чу шеран мартехь 349 фашист хIаллакво цо. ТIаккха Советски Союзан Турпалхочун цIе ялийта хьалхатотту иза. Цу юкъа бутт а балале, 1944-чу шеран апрелехь, уллохь  мина эккхаро еза чевнаш йо Идрисовна.

1944-чу шарахь Мозовецк гIалахь схьайоьллу тIеман фронтан музей. Оцу музей чохь Идрисовх лаьцна дийна стенд хIоттайо, шена тIехь цуьнан иччархочун топ а, суьрташ а долуш. Стендана бухахь яздина хуьлу иштта йоза: «Нохчийн халкъан сийлахьчу кIанта, Советски Союзан Турпалхочо Идрисов Абухьаьжас хIаллаквина 300 сов немцойн салти».

Чевнаш хиллачул тIаьхьа, 4 баттахь сов Iуьллу Идрисов Горький гIалан госпиталехь. ГIоле хиллачул тIаьхьа, махкаха  даьккхинчу нохчийн къоман Казахстанера векал хIоттаво иза. Иза  цкъа Алматахь, тIаккха Талды-Курганан областехь а Iа. Жималлехь Даймахкахь санна, цигахь а жа леладо цо.

1957-чу шарахь Идрисов нохчийн къомаца цхьаьна Нохчийчу цIавоьрзу. Ша кхалххалц, кхин махкара ара а ца волу иза. 1983-чу шеран 22-чу октябрехь Идрисов кхелха. Дала гечдойла цунна!

Идрисовн сийнна БердкIелахь цхьана урамна а, школина а, Соьлжа-ГIалахь  урамна а тиллина цуьнан цIе ю.

Дуккха а совгIаташ хилла Идрисовна делла: Советски Союзан Турпалхо, Ленинан орден, ЦIен Байракхан орден, ЦIен Седан орден, иштта кхидерш а.

И.ХАСАХАНОВ

Суьрта тIехь: Идрисов Абухьаьжа

№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: