2015-чу шеран 5-чу декабрехь 74 шо кхочу ямартлонца вайн Даймахкана тIелеттачу фашисташна тIехь советийн эскаро дуьххьарлера толам баьккхина. И толам баккхарца цIарна цIе яхана йолу Адольф Гитлеран «Барбаросса» план шеконе йиллира цIечу эскаро. Дера, кхин а деа шарахь а Iаламат луьра тIемаш ма кхихкира, 25 миллион гергга стаг къинхетамза хIаллак а веш. Амма 1941-чу шеран шийлачу гурахь Советийн Союзан коьртачу шахьарна уллехь цIечу эскаро баьккхинчу толамо кхидIа йолчу ханна бIаьхойн дог ир-кара хIоттийра, дегайовхо чIагIйира, мел генахь белахь а, ца хилча ца болучу толамах тешийра. Сийлахьчу Даймехкан маршонна гIароле хIиттина яхь йолу кIентий бара Москва мостагIчух ларйинарш. КIезиг бацара царна юкъахь нохчийн кIентий а.
Хууш ма-хиллара, 1938-чу шеран гурахь вайнехан кегийрхой Москварчу театральни институте деша хьовсийра. Уьш 45 стаг хилла, актерийн говзалла шаръян йолчу ойланца деша ваханарг. ТIаьхьо халкъана, махкана бевзаш гIарабевлла говзанчаш хилира цигахь дешначу кегийрхойх. Царах ву Татаев Ваха, Хамидов Iабдулла, Хакишева Хьава, иштта дуккха а кхиберш. Иштта похIме адамаш шортта дара цу тобанна юкъахь. Шайн куьйгалхо хиллачу Минаев Минайн дог хьостуш кхиамца кхаа шарахь дешна бевлла, йоьалгIачу курсе бевлла бара вайн махкахой. Уьш хьаьгна бара, катоьхнна говзалла караерзийна, шайна дукхабезачу хьовсархошна хьалха хIитта. Дипломни спектакалана дIаболийна кечамаш бара. Дуьненахь а гIараваьлла вевзачу ингалсхойн драматурган Шекспир Уильяман «Отелло» цIе йолу трагеди яра цара хIотто лийринарг. Цхьа башхачу говзаллица Хамидов Iабдуллас нохчийн матте яьккхинера и пьеса. Дездемонин роль ловзо билгалъяьккхина Хакишева Хьава яра…
Амма дагахь доцуш дIаболабелира тIом. МостагI луьра а, къиза а вара. Дукха бара цу муьрехь шайн лаамехь фронте баха луурш. ХIоьттинчу хьолехь юьстах Iийр болуш бацара вайнехан кIентий а. Театральни институтехь доьшуш белахь а яхь йолу нохчийн кIентий бара уьш. 1941-чу шеран 22-чу июнехь ямартлонца фашисташ Даймахкана тIелетча, цу дийнахь военкоматехь бара вайн къона махкахой а: Мациев Ваха, Цароев Iабдулла, Шоипов Хьасан, Баркинхоев Хьусайн, Атуев Iарби, Магомаев Мохьмад (иллиалархочун Магомаев Муслиман да). Иштта дуккха а кхиберш а. Шайца доьшуш болу мехкарий балош Соьлжа-ГIала цIавоьрзу Татаев Ваха, Хамидов Iабдулла.
Бехк боцу адам къинхетамза цIийла карчош дIабоьдуш луьра тIом хилча, вахана военкомате дIахIоттарх, я цигахь болчара цхьана эскаран дакъошка бIаьхо хила луург дIаязварх тоьаш дац. ТIом иза ловзар дац, я театрехь хIоттош йолу спектакаль яц. Иза луьра къовсам бу, мелла а хааршца дIабахьа безаш. Ткъа актераш тIамна кечлуш бацара. Сил дукха езаш цара хаьржина говзалла, доккхачу дуьненахь лаха ара валарх шел машарениг кхин карор йоцуш, машаре говзалла яра. Цунах дика кхеташ болчу бIобаьччанаша вайн къона махкахой курсашка хьовсийра, герз караделла тIеман хьаьтта дIахIиттабале. Бакъду, 1941-чу шеран сентябрехь тIеман хьаьттара хьал кхин а чолхе долуш дара. Шина-кхаа баттахь буьрса кхихкинчу тIемашца Ленинградана гуо лаца аьтто белира мостагIчун. Смоленск, Псков йоьжнера.
Фашистийн коьрта Iалашо Москвана тIекхачар яра. Россин коьрта гIала шаьш схьаяьккхича тIом толамца дIабоьрзуш хетара фашисташна. Цундела хьалхахьа теттинера цара 77 дивизи, шайна юкъахь 14 танкови, 8 моторизованни ерш йолуш. Артиллери 14 000 эзарне кхочуш яра. 1700 танк яра Москвана чухахка кечйина. Иштта, 950 кема дара. Эскаран ницкъ цхьа миллион стагал сов эккхаш бара. Цуьнга ладоьгIча цIечу эскаран тIеман ницкъаш мелла а ледара бара. Салтий, эпсарш 800 000 стаге хьалакхочуш бара. Артиллери 6 800 эзарне кхочуш бен яцара. Йоьхний, йохазий 780 танк яра. Иштта, 545 кема дара. Малхбузерчу фронтан эскарна коьртехь лаьтташ инарла Конев Иван Степанович вара. Брянскин фронтан эскарна коьртехь инарла-полковник Еременко Андрей Иванович вара.
Бакъду, ца хуьлчу далахь юкъакхосса дагахь тIаьхьалонна вовшахтоьхна (резервни) кхин цхьа полк яра маршал Семен Михайлович Буденный коьртехь волуш. Цу кхаа фронтана тIедиллина дара Даймехкан коьрта шахьар йолчу Москван лаьттатIе мостагIчун ког ца кхочуьйтуш, иза Iалашъяр.
Лакхахь хьахийначу Москварчу театральни институтера нохчийн студенташ брянски фронтан эскаршна юкъа нисбеллера. Верриге а ворхI студент вара вайнахах цу тIеман хьаьттахь майралла, доьналла гойтуш, къар ца луш, мостагIчух леттарг. Амма къаьсттина, мел буьрса киртиг тIехIоттарх яхь дIа ца луш, бIаьхаллин хьуьнар гайтарца билгалвелира Цароев Iабдулла, Шоипов Хьасан. Москва мостагIчух ларъеш нохчий алссам хилла. Царах цхьаъ 300 сов фашист хIаллаквина Советийн Союзан турпалхо Идрисов Абухьаьжа а волуш. Бородино цIе йолчу хьаьттахь 1941-чу шеран гурахь хиллачу тIемашкахь Москвана тIекхача Iалашо йолуш чугIертачу фашистийн «Рейх» цIе йолчу дивизера бIе гергга мостагIчун салти хIаллаквина ша цхьамма снайпера Амаев Махьмуда. И бакъдерш дийцина ца валлал дукха ду немцошна дуьхьал бинчу тIамехь дакъалаьцначу вайнахах лаьцна дийца. Нохчичун яхь дIа ца луш инзаре яккхийчу халонех доьналлица чекхбевлла уьш.
Делахь а, вай юьхьанца бийца болийнарш Москва мостагIчух ларъеш дакъалаьцна театральни институтан студенташ хиларна билгалдаккха луур дара царах цхьаболчарех кхидIа хилларг. Магомаев Мохьмад Польшехь хиллачу тIемашкахь Краков гIала фашистех дIацIанъеш кхелхина 1944-чу шарахь. Цароев Iабдулла, Шоипов Хьасан брянщинехь хиллачу партизанийн боламан жигархой хилла. Дуккхазза турпалаллин тIегIанехь майралла, доьналла гайтина цара. Советийн Союзан турпалхочо Дмитрий Медведевс куьйгалла динчу партизанийн тобанан декъашхо хилла Цароев Iабдулла.
Режиссера Георгиев Виктора, яздархоша Гребнев Анатолийс, Лукин Александра язйиначу сценаритIехь шина серехь яьккхина исбаьхьаллин фильм ю цу турпалхочух «Сильные духом» цIе йолуш. Актер Цилинский Гунар ву советийн разведчикан Кузнецов Николайн (Пауль Зиберт) роль ловзош. Ткъа Дмитрий Николаевич Медведевн роль ловзош Переверзев Иван ву. 1967-чу шарахь и башха фильм гучу яьлчахьана вайна хууш дара Цароев Iабдулла фильман турпалхой хиллачу партизанийн тобанна юкъахь хиллий. Амма тIом дIаболабелчахьана Iабдуллина юххехь турпалаллица тIом бина Шоипов Хьасан дукхах болчеран тидамера валарх кхета Iаламат хала ду. Москвара дIаволавелла Берлине кхаччалц цхьаьна вуьжуш, гIоттуш даккхий хьуьнарш гойтуш чекхваьлла ву и ши къонах.
Москвана тIегIоьртинчу фашистийн къиза арданг йохийна 74 шо кхочуш, буьйса хазйина седарчий санна, вайн хIоранна иэсехь серлаяла хьакъдолуш ю церан сийлахь цIерш. Уьш бу вайн сийлахь Даймохк фашистех дIацIанбинарш. Алссам совгIаташ ду царна делла майралла, доьналла буьрсачу тIеман хьаьттахь гайтарна. Делахь а, массо хIуманал деза, доккха совгIат хир ду цара яьккхинчу маршонна, беанчу машарна вай хьурмат дахь. Вайн Даймехкан коьрта шахьар Москва мостагIчух ларъярал совнаха, нохчийн къоман сий ду цара лардинарг.
А. АРАПХАНОВА
№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо