Болх планаца дIахьо

 (9-гIа декабрь — Коррупцица къийсам латторан дуьненаюкъара де)

 Хьалха-Мартан бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туьшахь Нохчийн Республикин Правительствон «2014–2015-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь коррупцица къийсам латторан  республикин Iалашонан программа  чIагIъяран хьокъехь» 2013-чу шеран 6-чу августехьлерчу сацамца нийса а догIуш, дIахьош бу коррупцица къийсам латторан болх. Иза хьалххе кечйина, чIагIйинчу планаца беш бу. Вовшахтоьхна леррина йолу белхан тоба. Цо шен кхеташонашкахь дийцаре до коррупцица доьзна долу гIуллакхаш.15

   Оцу кеппара, карарчу шеран йоьалгIачу кварталехь дийцаре дира хIара гIуллакхаш: муниципальни нормативно-бакъонийн акташна коррупцина дуьхьал къийсам латторца доьзна экспертиза яр, коррупцица къийсам латторан гIуллакхаш вовшахтохар а, дIадахьар а, бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туьшехь коррупцин бакъдерш хаадаларан хьокъехь, бахархоша динчу аьрзнашна а, кехаташна а анализ яр, кхидерш а. Кхеташоне кхайкхира «Единая Россия» партин нохчийн региональни отделенин Хьалха-Мартан декъан куьйгалхо А.Абубакаров, районан  администрацин куьйгалхочун заместитель Р.Арсанов. Шен къамелехь А.Абубакаровс дIахьедира шен белхан хьолах зуламе пайдаэцар а, кхаьанаш далар а, эцар а, коммерчески харцонаш лелор а, я стага шен белхан хьолах законехь а доцуш, кхечу кепара пайдаэцар а социальни коррупцин гучудийларш хилар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана чиновникашна хьалха Iалашо хIоттийна – коррупцина Нохчийн Республикехь меттиг хила декхар дац.

Р.Арсановс дийцарехь кхузаманахьлерчу рынкан юкъаметтигийн а, бакъонийн пачхьалкх дIахIотторан а хьелашкахь тахана Россехь коррупцин тема шена тIе боккха тидам бахийтар лоьхуш ю. Коррупци юкъаралла кхиаран новкъахь йоккха новкъарло, дIадаккха дезаш долу доккха зулам ду. Къамел дечо билгалъехира Россехь йолчу коррупцин кепашна, дийцира иза кхоллаяларан бахьанех а, цуьнан тIаьхьенех а, цуьнца къийсам латторехь дечу гIуллакхех а лаьцна.

Туьшан директора С.Вараевс билгалдаьккхира «Коррупцица къийсам латторан хьокъехь» долчу 2008-чу шеран 25-чу декабрехьлерчу Федеральни законаца а, федеральни кхечу акташца а нийса а догIуш, коррупцица къийсам латторан болх хаддаза дIахьош хилар.

– Оха дIахьо пачхьалкхан граждански гIуллакхашкахь коррупцин гучудийларш ца хилийтарна тIехьовсийна долу профилактически гIуллакхаш, – дийцира С.Вараевс. – Коррупци хир яц, нагахь санна бахархошца хаддаза болх бахь а, аьрзнашний, дехаршний анализ яхь а. Тхан учрежденехь дерриге а хьелаш кхоьллина коррупци хилла меттиг гучуяьлча бахархошка хаамаш байтарна. Болх беш ю телефон, вовшахтоьхна коррупцица къийсам латторан комисси. Телефонехула беш болу хаамаш дIаязбеш волу стаг билгалваьккхина. Туьшан цIеношна чувоьдучу неIарехь дIатоьхна ю аьрзнаш а, дехарш а чутосу яьшка, фойехь ю аьрзнийн а, предложенийн а книга. ХIора чийрикехь дIахьо белхан тобанан кхеташонаш. Цигахь дакъалоцу учрежденин белхахоша. Дийцаре до шеранбелхан планаца дан догIуш долу гIуллакхаш. Масала, бюджетан ахчанах харжаш ярна тIехь латтош болу таллам чIагIбаран хьокъехь, барташца болу тIелацамаш кхочушбарна тIехь таллам латтор, хIуманаш эцарехь болу барташ кхочушбар девзаш хилийтар. ХIара шо доладелчхьана коррупци хилла меттигаш гучу ца евлла.

С.Вараевс дийцарехь, дахаран-Iеран коррупци ца хилийтархьама, учрежденин коллективехь хаддаза болх бо бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран туьшан балхахь иза хилар бахьана луш долу хьелаш дIадахарна. Вовшахтоьхна гIуллакххойн балха тIехь таллам латтор, чIагIйо юкъараллица йолу зIенаш. Коррупцина дуьхьал кхиамца къийсам латторан Iалашонца хаддаза шарбеш-тобо нормативно-бакъонийн бух. Лакхайоккху бахархойн хьашташ кхочушдаран дикалла.

С.МАДАЕВ

 

№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: