ЗаьIапхошна концертаца совгIат дира

   3-чу декабрехь «Колизей» спорткомплексехь заьIапхойн Дуьненаюкъарчу денна лерина «Iалашде бераш» къинхетаман концерт хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитела Нагаев Iадлана, Россин Федерацин социальни страхованин фондан Нохчийн Республикин региональни отделенин куьйгалхочо Байдаева Билкъиса, заьIапхойн Ерригроссин юкъараллин Нохчийн региональни отделенин председатела Аздаева Рабус, «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин региональни исполкоман куьйгалхочо Зайналабдиев Валида.IMG_9720

   ЗаьIапхошна лерина концерт дIаяхьаран гIуллакх вовшахтоьхнера «Интерактив» цхьаьнакхетаралло, «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделеница цхьаьна.

ЗаьIапхой оцу денца декъал а беш, йистхилира Байдаева Билкъис:

«Тахана, вайна ма-хаъара, заьIапхойн Дуьненаюкъара де ду. Дуьненчохь  дуккха а заьIапхой бу. ЗаьIапхойн проблемаш дIаяхарна тIехь болх беш дуккха а организацеш ю. Билгалдаккха лаьа, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана заьIапхойн йоккха терго еш хилар», – элира цо.

«И де вайна юкъахь заьIапхой хилар а, церан баланаш а, лазамаш а дуйла хаийта юкъадалийна ду. Ткъа вайн республикехь  заьIапхойн де хIора дийнахь а дагахь ду, хIунда аьлча, хIора денна а заьIапхошна гIо до вайн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс. ЗаьIапхошка хаза дош алар а доккха сагIа ду аьлла хета суна, хIара санна концерт вовшахтохар муххале а мехала гIуллакх ду. Суна даггара баркалла ала лаьа заьIапхошна кху тайпа хазахетар дарна «Интерактив» цхьаьнакхетараллина а, «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенина а», – элира Аздаева Рабус.

ЗаьIап берийн самукъадаккхаран лаамца дакъалаца дIаяьхьначо концертехь дакъалаца Нохчийн эстрадин артисташ баьхкина  ца Iаш, Россин пачхьенера а (Зацепин Антон, Казакова Оксана), Элмаройчуьра а (Сона) артисташ баьхкинера. Концертни программа дIайолош, бIаьрса доцчу Абубакарова Аминас Казакова Оксаница цхьаьна йиш лекхира. Воккхавевеш  дара,  концертехь заьIап бераша а дакъалаьцна хилар. Масала, Даунан синдром йолчу йоIа хелхар гайтира, заьIапхойн гIудалкха чохь волчу кIанта  нанна лерина даггара байт йийшира. Цуьнга ладугIуш хеталора, «могаш велахьара ма дукха хьуьнарш гойтур дара ахь», олий. Хьовсархойн дегнашна Iаткъам бира куьйган ишарийн хелхарийн «Ирс» тобано. Россера а, Элмаройчуьра а артисташ бахкарх хазахетар хиллера заьIапхошна. Иштта, нохчийн эстрадин къоначу артисташа Хасанов Тимирбулата а, Загиев Джамила а, Киндарова Марема а самукъадаьккхира церан. Хьовсархой уггаре а цецбаьхнарш яра Садаев Хьамзата гайтина  фокусаш.

Концертни программа чекхъяьллачул тIаьхьа, «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин а, «Интерактив» цхьаьнакхетараллин а цIарах Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Р.Кадыровна дIакхачор доьхуш сувенир елира Нагаев Iадлане. Иштта, Россера а, Элмаройчуьра а баьхкинчу хьешашна совгIаташ дира концерт вовшахтоьхначара. Цу тIехьа ерзийра «Iалашде бераш» концерт.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Концертан дакъалацархой  

№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: