Историн книгаш ешча, вайна гур ду, дайх дисина Iадаташца догIуш доцу керла хIума, наха къобалдеш цахилар, иза нийса делахь а. Нах даима а керлачу хIуманна дуьхьал хуьлу, цара олу: «Тхан дайша лелийнарг тоьаш ду тхуна», дай кхетам боцуш, нийсаниг ца хууш хилча а. Иза ду Делан Элчанна (I.с.в.с.), тIехIоьттинарг а цхьаъ волчу АллахIана Iибадат де, суьрташна Іибадат дар дита аьлла, кхайкхам бича, оцу суьрташна Iамалъеш болу Маккара нах, хаза неха санна, чIогIа дуьхьалбевллера цунна. Элчанна (I.с.в.с.) а, цуьнца ийман диллинчу асхьабашна а таIзарш дора цара. Церан балех а, къизаллех а кIелхьара ца велира Элча (I.с.в.с.) а.
Цхьана дийнахь КаIбата чохь ламаз деш, иза сужуде а вахийтина, бийначу уьстагIан боьха чоко тIетоьхнера цара цунна. Цуьнан йоIана ФатIиматана хиъна и болх, цо схьаеана дIаяьккхина и чоко, гуонахара меттиг цIан а еш. Элча (I.с.в.с.) новкъа вогIуш гича, луьйра уьш цуьнга, боьха мел дерг дуьйцуш. Цхьана дийнахь Элча (I.с.в.с.) ламазе варе хьоьжуш Iаш бара Делах ца тешаш болу нах. КаIбатан кертахь иза хаавелча, массара, тIегулбелла, чIогIа йиттира цунна, тIаккха цунна гуобина, элира цара: «Хьо вуй тхан делийн (суьртех) бала пайда а, хила зен а дац, уьш хIумма а гуш а, я хезаш а бац баьхнарг?». Цо элира тIаккха цаьрга: «ХIаъ, со ву». ТIаккха царех цхьамма, Элчанан (I.с.в.с.) коч цуьнан вортанах а хьарчийна, тIеозийна, садукъдеш дара, гIодаккха юххехь деваша Хьамзат вацара. Цхьадика, Абу-Бакар Сиддикъ хиллера генавоццуш. Маьждиг чуьра цхьаболчу нехан мохь хезна, шен гергарчу нахаца цхьаьна сихвелла схьакхечира иза. ТIаккха цара оцу зуламхойн карара схьаваьккхира иза. Абу-Бакара, велха а воьлхуш, элира: «Шен Дела АллахI ву мел аьлларг вен веза аш?».
Цхьана дийнахь Элча (I.с.в.с.) ламаз деш сужуде вахча, Делах ца тешаш волчу цхьана зуламхочо вортан тIе ког биллина, дукха латтийнера, бусалба нах тIе а кхаьчна, цара кIелхьараваккхалц.
Цхьана дийнахь Абу-ЖахIил, шена Делан Элча (I.с.в.с.) дуьхьалкхетча, иза а, бусалба дин а сийсаздеш, лийна цуьнга. Элчано\ (I.с.в.с.) дуьхьал вист ца хуьлуш, сатоьхна цунна. Цхьана йоIана хезна хилла, Абу-ЖахIил Элчанна (I.с.в.с.) лер. МустIафа болх Далла тIе а биллина, собаре а хилла, цIа воьдуш гина цунна.
Девашас Хьамзата Абу-ЖахIилна бекхам бар
Дукха ца Iаш, оцу йоIана Хьамзат гира, тIаккха цо элира: «ХIай Хьамзат, хьан вешин кIанте Мухьаммаде Абу-ЖахIила хIоттийнарг гича, ма ловр дацара ахь». ТIаккха шена гинарг дIадийцира цо. Иза чIогIа новкъадеара Хьамзатана. Абу-ЖахIил схьалаха вахара иза. Абу-ЖахIил ша санна болчу цатешачарна юкъахь хиъна Iаш карийра цунна, тIе ма-воьдду, хьала а айдина, секхаIад туьйхира цунна Хьамзата, дикка лазош, чов а еш. ТIаккха элира цо Абу-ЖахIиле: «Хьо Мухьаммаде муха лоь? Со Мухьаммадан динехь ву хьуна, цо бохург – ас а боху хьуна. ТIаккха хIун лаьа хьуна?».
ТIаккха цатешарш хьалалилхира, Абу-Жах1иал ларвеш, цара хаьттира: «Ахь Ислам тIеэцна, хIай Хьамзат?», – аьлла. Хьамзата элира: «Суна бакъдин тIеэца дуьхьалло ян мила ву? Суна баккъал а хиъна, Мухьаммад АллахIан Элча хилар а, Ислам бакъдин хилар а, АллахI-Дела Шеца накъост воцуш, цхьаъ хилар а». Абу-ЖахIила элира: «Iадвиталаш Хьамзат. Баккъал а цуьнан вешин кIанте боьха бага лейинера ас. ЧIогIа лийра со цуьнга, цо суна дуьхьал цхьа а дош ма ца элира».
Хьамзат даггара ийман диллина, динехь сецира. Къурайшийн нахана хиира Хьамзата дин тIеэцарца Элча (I.с.в.с.) чIагIвеллий, цо шен вешин кIант ларвийр вуй. Iуьйранна Хьамзат Элча (I.с.в.с.) волчу вахара, цо элира: «Ас догтешна тоьшалла до, АллахI воцург кхин Дела цахиларх (СоллаллохIу IалайхIи ва саллама)», Цо элира: «Хьайн дин гучудаккха ахь сан вешин кIант, шек дIа а ма вала хьо», – аьлла.
Абу-ЖIахIил Элча (I.с.в.с.) вен гIортар
Цхьана дийнахь Абу-ЖахIила, ша санна болчу цатешачарна, дош деллера, Элча (I.с.в.с.) вуьйр ма ву ша, аьлла. Цо элира цаьрга: «Кхана цхьаьнга айалуш болу боккха тIулг бохьур бу ас. КаIбат долчохь цунна собар дина, шен ламазехь иза сужуде вахийтина, оцу тIулгаца цуьнан корта отур ма бу ас. ТIаккха цуьнан доьзало шена луъург де», – аьлла. Делах цатешачара, цуьнан накъосташа, элира: «Айхьа леринарг де ахь, вай цуьнан динах кIелхьара даха ахь». Iуьйранна Абу-ЖахIил шен тIулг кечбина, хиъна Iаш вара, Делан Элча (I.с.в.с.) схьаваре хьоьжуш. Къурайшийн нах бара Абу-ЖахIила хIун до хьовсуш, ладоьгIуш. Элча (I.с.в.с.) сужуде вахча, Абу-ЖахIил, беза тIулг схьаэцна, цуьнан коьрта тIе тоха воллуш вара. ЦIеххьана кхеравелла, хьере хилла, юхавирзина ведира иза. Цуьнан накъосташа хаьттира цуьнга: – «ХIун хилла хьуна?», – аьлла. Абу-ЖахIила элира: «Суна а, Мухьаммадана а юккъе цхьа акха, буьрса эмкал схьаиккхира, и санна эмкал, цуьнан санна кIомсарш цкъа а гина яцара суна. ТIекхетта, со ваа йоллуш яра иза, цунах кхеравелла, ведира со».
ТIаифехь Элча(I.с.в.с.) бале лацар
ТIаиф – Маккина уллера меттиг ю, Сакъиф тайпанан нах бехаш йолу.
Элчанан (I.с.в.с.) девашашс Iаббаса хьехар дира цунна, ТIаиф бохучу махка дIагIо, аьлла. Цигахь Делан омра дIа а кхайкхаде, дин а довзийта, Маккарчу цатешачеран балех и хьалхавалийта. Элча (I.с.в.с.) тешна вара, ТIаиферчу наха ша тIелоцур ву, ша деанарг цара къобалдийр ду, аьлла.
ГIаш дIаваха новкъавелира иза, цигахь болчу мискачу нахехьа а, лешкахьа а гIодаккха. Цигахь болчу шен девешин доттагIийн Iуналлехь хир ву-кх ша, аьлла. Элчано (I.с.в.с.) шеца шена тешаме волу Хьарисатан кIант Зайд вигира. Некъ беха а, хала бара. ТIаьххьара а Мухьаммад а, Зайд а дIакхечира ТIаифе, цигара хьалдолчу нахана хезира Мухьаммад (I.с.в.с.) веана аьлла, цо бечу кхайкхамна а, цунна а резабацара уьш, йолах юхалург ахча далар а, къаьркъа (чIагIар) малар а, хьакхин жижиг даар а хьарам ду боху дела. Уьш муха резахир бара, тIера ял йоккхуш, юхалург ахча луш, цунах бахам гулбина Iаш болу? Кемсаш кхиош, царех даьккхиначу къаьркъанах (чIагIарх), шаьш яжош, кхиош йолчу хьакхарчех хIун дийр дара цара, цунна резахилча? Хьалдолчу нехан карахьдерг мискачу нехан хьакъ (закат, сагIа) ду аьлча а, муха мегар бара уьш? Лайш а, ялхой а, хьоладай а, элий а цхьатерра бакъонаш йолуш бу аьлча, муха ловр дара цара? Мухьаммад (I.с.в.с.) цига нах бакъонна тIеберзаре догдохуш веанера. Цунна луург муха хир дара цигахь, хьоладайшна, шаьш Ислам-дин тIеэцча, шайн лайшца цхьанийсса бакъонаш йолуш хир буй хиъча, гIийлачу нахана а, ялхошна а тIехь долу шайн куьйгалла кхидIа хир доций хиъча? Мухьаммадана (I.с.в.с.) реза ца хилира уьш, цо деанарг тIе ца лецира цара. Иза сийсазвира цара. Хьалдолчу наха шайн лайшка а, ялхошка а Элчанна (I.с.в.с.) тIулгаш деттийтира. Шайгахьа гIодаккха веана волчу Элчанна (I.с.в.с.) тIаьхьа богIуш бара уьш, тIулгаш а детташ. ЦIий даллалц чевнаш йира цара Элчанна (I.с.в.с.). ТIаиферчу наха шега хIоттийначу къизаллина догдоьхнера Элчанан (I.с.в.с.),чIогIа холчохь вара иза.
И болх шена хиллашехь, Деле доIа деш, кхойкхуш вара иза: «ХIай, сан Дела, хьоьга арз до-кха ас, нахана хьалха суо гIорасиз хиларна, юьхьIаьржа хIоттарна. ХIай, массарел а къинхетаме верг, – бохуш, тIаьххьара а шен доIа дерзош элира цо – Веза Дела, сан къомана гечделахь, шаьш дийриг хIун ду хууш бац-кха уьш». Деле доIа (дехар) дина ваьлча, ша волчул кхин а собаре хилла, кхидIа а Iалам нийсачу новкъа даккха, бакъдолу Ислам-дин дIакхайкхо сацам бира цо.
Элчанехь (I.с.в.с.) дукха ду шуна дикачун хаза масалш, шайн дахарехь цунах тера хила хьовсалаш. Аш дин лардан цуьнан дахар доккха масал ду шуна. ХьалхахIоттийначу Iалашонна тIекхача къахьега деза шуна. Собаре хила деза шуна, тIаккха эххар а даккхийден толам хир бу шуна, Делан омра дIакхайкхош хилла волчу Элчанна санна (I.с.в.с.).
С.-М.МУРТАЗАЕВ, Iелам