Халкъан илланчин суьйре

Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а халкъан артистан Дагаев Валидан 75 шо кхачарна лерина юбилейни суьйре хилира Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь. Оцу суьйренан веза хьаша вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Халкъан илланчин кхолларалла даггара езаш волчу мехкан Куьйгалхочо лаккхара мах хадийра цуьнан къинхьегаман. «Дуьнен чохь мел йолу книга а, фольклор а дIаяьккхича а, Валидан иллеш тоьар дара къомана тIехIоьттина халонаш эшош, дог-ойла гIатто. Ткъа уьш цуьнан бIеннашкахь ду нохчийн, Iаьрбийн, казахийн меттанашкахь. Царех хIора а шен маьIна, мукъам нохчийн маттахь болуш ду», – элира Р.Кадыровс.04

   Цхьа а шеко йоцуш, Дагаев Валидан иллеш Даймахке, дега-нене, матте, адамалле безам кхиош, патриотически кхайкхам болуш, кегийрхойн дегнашкахь яхь-юьхь гIаттош хилла  даима а.

Юбиляр декъалван гулбеллачарна юкъахь бара нохчийн эстрадин артисташ, В.Дагаевн кхолларалла дукхаеза нах, цуьнан накъостий, гергара нах, культурин декъехула къахьегна ветеранаш.

Ерриге зал гIаьттира шайна дукхавеза илланча сцени тIехь гучуваьлча.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана социальни сетехь йолчу шен агIон тIехь яздо: «Дагаев Валид шатайпа адам ду! ХIара 58 шо ду цуьнан аз ломара шовда санна цIена дека. Даг чохь йовхо кхуллуш ду х1ора илли. Шен 75 шо кхаьчча а 60 шо хьалха санна илли олу цо. Со даима а воккхавево цунах! БIаьрзе волчу цо цкъа а латкъамаш беш а ца хезна я шена цкъа а хIума дехна стаг а вац иза. Тхан дас, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лаккхара мах хадабора Дагаев Валидан граждански хьуьнаран. ТIеман уггаре а чолхечу муьрехь а цуьнца цхьаьнакхета хан карайора культурин декъехула дерг дийцаре дан».

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс элира шен нанас, Кадырова Айманис тIедиллина шена Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а халкъан артистана шегара совгIат дIадалар а, иза шайн доьзалехь даима лоруш хилар  хаийтар а.

Илланчина совгIат дира Р.Кадыровс. «Дала могаш-маьрша дукхавахавойла хьо, Валид» – элира мехкан Куьйгалхочо.

Оцу суьйренехь юбиляран цIарах шортта хаза дешнаш  элира, музыкальни совгIаташ дира.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

 

№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: