Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара дакъалецира Россин Федерацин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министра Мень Михаила видеоконференцин кепехь дIаяьхьначу Ерригроссин селекторан кхеташонехь.
Кхеташонехь дийцаре дира ширачу хIусамийн фондера бахархой керлачу хIусамашка берзорна а, дукха х1усамаш йолчу цIенойн бахамна капитальни ремонт яран регионийн программашна а лерина долу г1уллакхаш.
Иштта, кхеташонехь дакъалоцуш бара Россин Федерацин субъектийн Iедалан, органийн куьйгалхой а, гIишлошъярна т1ехь терго латторан пачхьалкхан органийн а, хьаштхойн бакъонаш ларъяран а, юкъараллин терго латторан меттигашкарчу туьшийн а векалш, кхиберш.
Х.ИСЛАМОВ
Суьрта тIехь: А.Тумхаджиев – Ерригроссин селекторан кхеташонехь
№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо