Цхьа шо хьалха бохам хилча кхелхинарш дага а лоцуш, царна гечдар Деле а доьхуш, вайн Элча-Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а хестош мовлад а дийшира, сагIа а даьккхира Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим, министран заместительш Гудаев Лоьма, Атаев Сайд-Мохьмад, ткъа иштта республикин газетийн, журналийн коьрта редакторш, кхиберш.
Мовлад дешале хьалха Зорбанан цIийнан директора Саралиев Шарпуддис билгалдаьккхира: «Цхьа шо хьалха боккха бохам хилира хIокху Зорбанан цIийнехь, «террористаш» тIелатар бахьана долуш. Вайн гIалахь доккха зулам дан арабевлла болчу царна дуьхьал луьра тIом беш декъала хилира Нохчийчоьнан бакъонаш ларъяран органийн вейтта белхахо (Дала гIазот къобалдойла церан). Еза чов йира тхан цхьана белхахочунна. Цхьадика цунна хаза гIоли хилла. Кхин ши белхахо йийсар лаьцнера зуламдайша. Уьш паргIат бехира вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьйгалла а деш леррина операци дIаяхьар бахьана долуш…
И дерриге а дага а лоцуш, кхелхинчарна Деле гечдар а доьхуш, и санна болчу бохамах вай тIейогIур йолчу хенашкахь лардар Деле а доьхуш, мовлад дешийта лиъна, оцу нийятца кхайкхинера ас шу. Шуна массарна а Дела реза хуьлда…».
Цул тIаьхьа мовлад дийшира ШаIми-Юьртара баьхкинчу а, Зорбанан цIийнерчу а оцу гIуллакхана охIла болчу наха. Цаьрга ладогIа баьхкинера кху цIа чохь болх беш болу иттаннаш белхахой. Дела (Табарика ТаIала) а, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлад дийшира цара, ладугIуш берш ойлане бохуш, Дела везарехь совбохуш.
Цул тIаьхьа, вовшех марзо оьцуш, сагIанах кхийтира мовладе баьхкинарш. Дала къобалдойла церан мовлад а, сагIа а. Дала Шен дуьхьа дойла церан Iамал-Iибадат.
Хь.САИДОВ
№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо