Цхьа-ши дош…

Иракан президента Хонкаран куьйгалле дIахьедина шайн махкара эскарш сихонца арадаха аьлла. Цара талхайо дуьненаюкъара бакъонаш.

***

   «Иблисан пачхьалкхан» террористаша схьалаьцна ОвгIанан еа провинцера дикка латтанаш. Царна дуьхьал тIом болийна ОвгIанан Iедалан эскарша.

***

   Йеменерчу Аденехь теракт йина. И бахьана долуш гIалин губернатор Джафар СаIад а, цуьнан ялх гIаролхо а кхелхина.

***

   Индехь хиллачу некъан бохамехь 18 стаг кхелхина, 16 стаг лазийна. Иштта Индонезехь а хилла, цIерпошт микроавтобусна тIе а кхетта, боккха некъан бохам. Цигахь 18 стаг кхелхина.

***

   Шемахь вовшахтухуш ю халкъан бIаьхаллин тобанаш. Цара шайн ярташ, гIаланаш, Iедалан эскаршца цхьаьна, «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех ларйийр ю.

***

   Ливехь вовшашца къовсамехь хиллачу агIонийн барт хилла махкахь долу хьал синтеме дерзоран некъаш цхьаьна лаха.

***

   Эрмалойчохь дIаяьхьира мехкан Конституцехь цхьамогIа хийцамаш барна лерина референдум. Цуьнца билгалдеш ду Эрмалойчоь парламентан урхалла долуш пачхьалкх яр.

***

   Азербайджанан Каспийн хIорда тIехь йолчу мехкадаьттан-газан платформех цIе ялар бахьанехь 2 стаг кхелхина, 29 стагах хилларг цкъачунна хууш дац.

***

   США-н вице-президент Джозеф Байден Украине веара. Цуьнан цхьаьнакхетарш хилира оцу мехкан Президентаца П.Порошенкоца а, кхечу куьйгалхошца а.

***

   Шемарчу стоьмийн чам бовза йиш хир ю герггарчу деношкахь Россин бахархойн. Апельсинаш а, мандаринаш а, кхиболу стоьмаш а бу Россе схьадаийтинчу сурсаташна юкъахь.

***

   Россин тIеман-хIордан флотан кеманаш ду Индехь дIахьош долчу «Индира» тIеман Iаморашкахь дакъалоцуш.

***

   Ханты-Мансийски автономни округехь йолчу дачийн поселкехь банех цIе яларца доьзна бархI кхиазхо кхелхина.

 

 

№139, шинара, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: