Хаам

Коррупцица къийсам латторан Дуьненаюкъарчу денна лерина Россин Федерацин Юстицин министерствон Нохчийн Республикин урхаллехь кхочушдан билгалдинчу гIуллакхийн хьокъехь болу

 

Хаам

Россин Федерацин юстицин министерствон 2015-чу шеран 12-чу ноябрехьлера тIедиллар кхочушдеш, Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикин урхаллехь планаца билгалдина коррупцица къийсам латторан дуьненаюкъарчу денна лерина (2015-чу шеран 9-гIа декабрь) гIуллакхаш дар.

Иштта, Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикин урхаллехь, хIокху адресца йолчу: Соьлжа-ГIала, А-Хь.Кадыровн урам, №3/25 йолу цIенош, 17-г1а гIат, 17-гIа кабинет (тел.8(87142) 22-28-04) вовшахтоьхна бахархой тIеэцаран «Консультативни кабинет». Цуьнан Iалашо ю коррупцица къийсам латторан гIуллакхаш нисдеш долу Россин Федерацин законодательство довзийтар а, цунах кхетор а.

Бахархой тIеоьцу:

Умарова Таисас – Россин Федерацин субъектан нормативни бакъонийн актийн, федеральни регистр дIаяхьаран, муниципальни вовшахкхетараллийн реестр дIаяхьаран, муниципальни вовшахкхетараллийн уставийн реестр дIаязъяран, дIаяхьаран гIуллакхийн отделан хьаькама;

Вагапов Абубакара – адвокатурин, нотариатан, граждански латтаман акташ пачхьалкхан дIаяздаран декъехь таллам а, терго а латторан отделан хьаькама;

Сабиева Маржана – Россин юстицин министерствон Нохчийн Республикин урхаллин балхана кхачояран отделан хьаькаман декхарш кхочушдеш йолчо;

А.Магомадовс – урхаллин коммерчески йоцчу организацийн гIуллакхийн отделан хьаькаман декхарш кхочушдеш волчо.

2015-чу шеран 8-чу декабрехь урхаллин белхахоша коррупцица къийсам латторан декъехь бакъонийн хаарш довзийтарна лерина лекцеш йоьшур ю (схьайиллина йолу урокаш лур ю) республикин дешаран заведенешкахь.

9-чу декабрехь урхаллехь конференци дIаяхьа билгалдина ду. Цуьнан тема хир ю: «Коррупцица къийсам латтор: бакъонийн кхачояр а, леларан коррупцина дуьхьал йолу стандарташ а». Цигахь хьовсур ду нормативно-бакъонийн акташна коррупцина дуьхьал йолу экспертиза, бахархойн а, предприятийн а пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран декъехь коррупцица къийсам латторан бакъонийн баххаш а, бакъонаш юкъаялоран агIонаш аьлла долчу а, кхидолчу а гIуллакхашка.

Конференцехь дакъалоцур ду урхаллин а, юкъараллин организацийн а, адвокатурин а, нотариатан а векалша, бозуш боцчу эксперташа а, кхечара а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: