Интеллектуальни «Хаарийн бIов» къовсам

дIабаьхьира Гуьмсан районерчу Жалкхерчу Д.Б.Абдурахмановн цIарахчу №1 йолчу юккъерчу школин 9–10-чуй классерчу дешархошна юкъахь. Цуьнан Iалашо яра нохчийн маттана а, литературина а кегийрхойн ойла тIеерзор.Школа Абдурах.

   «Къона тIаьхье», «Iилманан седарчий» ши тоба яра цигахь къовсалуш. Шен кхайкхам а болуш, капитан а волуш, ялх дешархочух лаьтташ яра хIора команда.

Ялх агIор долчу хаттаршна жоьпаш а луш, йотта езара командаша бIаьвнаш. Уьш историх, нохчийн литературех, къоман культурех, доьзалан мехаллех, Iаламах, нохчийн а, оьрсийн а меттанийн уьйрех лаьцна дара. Вовшех дага а довлуш, жоьпаш лора дешархоша шайна деллачу хаттаршна. Къаьсттина дика хиира царна историх а, нохчийн литературех а лаьцнарг. Хала хилира доьзалехь лело дезачу гIиллакхех лаьцнарш.

ЯлхолгIа конкурс нохчийн а, оьрсийн а матте дешнаш гочдарна лерина яра. Къийсалуш берш баьхна а ца Iаш, иштта болельщикаш а ойлане баьхнера цо. Уьш цецбевллера дахарехь кест-кеста лелош долчу дешнийн гочдар шайна цахаарх.

Къамелан говзалла а, забар ян хаар а гучудаьккхира бераша забарен дийцарш дуьйцучу хенахь. Уьш кегийрхой кхетош-кхиорна тIехьажийна дара. Къовсам берзийра байташ ешарца.

Берашца дIахьочу хIокху тайпанчу балхо кегийрхойн кхолларалла, хаарш  лакхадоху. Шайн хенара болчаьрца юкъаметтиг лело а, иштта кхоллараллин а, хаарийн а тIегIа лакхадаккхарехь аьтто бо. Командехь болх барца  шайна тIехь терго латто а, шайн мах хадо а, нийса сацам бан а Iема кегийрхошна», – элира школин директора Ольмусханов Хьамзата, конкурсан жамI дечу хенахь.

Толамхошна дипломаш а, мехала совгIаташ а дира.

 

Л.ДАУТОВА

Авторан сурт

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: