Дешаран керланаш

Дегайовхонан зIийдигашФестиваль цдо

  Могашалла ледара йолчу берашна юкъахь похIме бераш гучудахаран Iалашонца Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос кегийрхойн а, берийн а кхолларалла кхиоран республикин туьшахь дIаяьхьира республикин «Дегайовхонан зIийдигаш» берийн кхоллараллин фестиваль.

   Цигахь дакъалоцуш яра кхитIе а долчу дешаран учрежденешкара кхоллараллин тобанаш – Къора а, хазар ледара долчу а юкъарчу дешаран коррекционни школа-интернатан, «Дешаран туьшан», бIаьрзечу берийн школа-интернатан дешархой.

Фестиваль дIаяьхьира 7–10, 11–13, 14–16 шераш долчу берашна юкъахь, ялх номинацехь:

«Халкъан инструментальни кхолларалла», «Халкъан вокальни кхолларалла», «Халкъан вокальни-инструментальни кхолларалла (ансамблаш), «Хореографин кхолларалла» (къоман хелхар), «Халкъан изобразительни кхолларалла (суьрташ дахкар), «Халкъан изобразительни кхолларалла (декоративно-прикладни искусство).

Толамхошна а, берриге дакъалацархошна а грамоташ а, мехала совгIаташ а делира.

 

Билгалъяьхна Ерригроссин олимпиадин

республикин муьран хенаш

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос  билгалъяьхна 2015–2016-чуй дешаран шеран Ерригроссин  олимпиадин  хенаш.

ПохIмечу берийн гIолацар а, церан ойла Iилманна тIеерзор а, иштта дика кхетам болу бераш гучудахар а ю олимпиада дIаяхьаран Iалашо.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон омрица нийса а догIуш, олимпиада дIахьур ю 18 предметехула:

Соьлжа-ГIаларчу №12 йолчу гимназехь:

14-чу январехь – франкойн а, астрономин а; 15-чу январехь – географин; 16-чу январехь – оьрсийн меттан; 20-чу январехь – ингалсан меттан; 21-чу январехь – бакъонан (право); 23-чу январехь – оьрсийн литературин; 25-чу январехь – нохчийн меттан; 26-чу январехь – историн; 30-чу январехь – физически культурин; 1-чу февралехь – информатикин, ИКТ-н; 2-чу февралехь – обществознанин; 3-чу февралехь – нохчийн меттан;  5-чу февралехь – математикин; 8-чу февралехь – немцойн меттан.

Нохчийн пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь:

18-чу январехь – химин.

Нохчийн пачхьалкхан университетехь:

20-чу январехь – физикин, 28-чу январехь – биологин.

 

Л.БАЯНОВА

Авторан сурт

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: