Нохчийн пачхьалкхан университетехь ГТО-на лерина семинараш хилира. Семинарехь лекцеш йийшира, мастер-классаш гайтира, тренингаш йира. И болх шайна тIелаьцна, юьхькIомаца чекхбаьккхинарш бара Ерригроссин «Студенты ГТО» проектан куьйгалхо Гарбуз Денис, «МИЭТ» программин координатор Кобыленко Владимир, Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствон бераш а, кегийрхой а кхиоран пачхьалкхан политикин Департаментан директоран хьехамча Ольховский Роман, «ГТО-н студенташ» проектан эксперт Шульга Наталья а.
Москвара баьхкинчу говзанчаша шайн лекцешкахь студенташна дийцира нийса хаьржинчу тренировкийн программин эвсараллех а, кхача нийса хаьржина хиларо а могашалла, дегIан куц-кеп шен меттехь латтош хиларх а лаьцна. Семинарийн теоретически болх берзийначул тIаьхьа Университетан спортзалехь Кобыленко Владимира функциональни упражненийн комплекс ша хьалхара а гойтуш, студенташка тIаьхьара яйтира. Функциональни упражненеш ян лаам болчеран хIора дийнахь таро хир ю университетан спортзалехь, кхузаманан лехамашца йогIуш тоьллачу спортан оборудованех пайда а оьцуш, тренировкаш ян.
ГТО-хь кхиамаш баха луучарна кечйина тесташ а ю цигахь.
«ГТО-н студенташ» проект кхочушъеш ю Нохчийн пачхьалкхан университетан студентийн цхьаьнакхетараллаш кхиоран 2015-чу шеран программин гурашкахь.
З.ХИЗИРОВА
№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо