Онкологехь эндохирургин таронаш

16-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь Iилманан-практикин конференци хир ю «Онкологехь эндохирургин кхузаманан таронаш» аьллачу темина лерина. Республикин онкологин диспансерехь оцу конференцин гурашкахь мастер-класс хир ю операционни чуьра трансляци еш. Иза лерина хир ю оцу диспансерехь керла интегрированни операционни схьаелларца доьзна.

Конференцин вовшахтохараллин комитетана юкъабогIу Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Ш.Ахмадов, Республикин онкологин диспансеран коьрта лор, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун могашалла Iалашъяран декъехула  хьехамча Э.Сулейманов, «Къоман медицинин талламан радиологически туьшан» генеральни директор, Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствон, Россин Iилманийн Академин декъашхо корреспондент, профессор А.Каприн; оццу туьшан директоран Iилманан декъехула  заместитель, профессор А.Костин; иштта, директоран заместитель, профессор Б.Алексеев.

Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствон «Къоман медицинин талламан радиологически туьшан торако-абдоминальни хирургин декъан куьйгалхо, медицинин Iилманийн доктор А.Рябов, «Республикин онкологин диспансеран хирургин службин куьйгалхо, медицинин Iилманийн кандидит – Г.Погосян.

Нохчийн Республикин хирургашна-онкологашна доккха беркат хиларе сатуьйсуш вовшахтоьхна ю конференци. Цигахь чулацаме лекцеш йоьшур ю, чолхе операцеш онлайн кепехь трансляци еш гойтур ю къоначу лоьрашна.

 

З.ШАЛИЕВА

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: