«Мохь» спектакль гайтира

  Къоначу хьажархочун театран труппин актераша Хьалха-МартантIерчу  Димаев Iумаран цIарахчу Культурин цIийнехь М.Зухайраеван «Мохь» пьеса хIоттийра. Хьовсархой 9–10-чуй классийн дешархой бара. Наркоманех Iехабеллачу кегийрхойн дахарх лаьцна яра спектакль.ТЮЗ

   Спектакль йолаялале хьалха, Хьалха-Мартан районан администрацин а, районан чоьхьарчу гIуллакхийн отделан а векалша кегийрхошна хьехамаш бира наркоманех долучу зуламех лаьцна. Театран куьйгаллин цIарах кегийрхошка дош олуш вистхилира театран коьрта режиссер Шахгиреев Рустам. Оцу хьехамийн Iалашонехь дара кегийрхошна мел кIезиг ду аьлла хетачу психотропни молханашка марзвалар, Дала ца магочу новкъа ваьлла хилар дуй хаийтар. Наркотикаша бохам бохьу кегийрхойн кхолламе а, церан дай-наношка а, гергарчу нахе а. Наркоманин некъан чаккхе ирча хуьлу.

Пьесехь гойтура дахаран хазалла, амма и дерриге а дIадала а тарло цуьнан хам беш ца хилча. Вуочу нахех кхетча волу жима стаг харц новкъа. Спектаклан гIоьнца а и эрчо гайтар берашна пайдехь долу.

Иза а бу шатайпа профилактикин болх. Спектаклан режиссер-постановщик Зухайраева Милана ю. Ролаш ловзийра актераша: Гелагаев Мовлади, Хасуева Малика, Такаева Фатима, Алиханов Зелимха, Тутушев Тамерлан, Цыбаева Таиса, Мусраев Ислам, Ойсаев Шемал.

Хьовсархойн дагах кхеттера спектаклан турпалхойн бохам. Уьш ойлане баханера. Иза яра пьеса язйинчу Зубайраева Миланин коьрта Iалашо. Спектакль вайн республикин кхечу районашкарчу дешархошна а, кегийрхошна а гайта дагахь бу къоначу хьажархочун театран актераш.

ЦОНТАРОЕВА Зайнап

Суьрта тIехь: «Мохь» спектаклера сурт

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: