Вайн кхо спортсмен – хьалхарчу меттехь

ХIокху деношкахь Москва гIалахь дIаяьхьира паргIатчу кепара а, греко-римски охьатохархлатарехула  «Аларос» цIе йолу Европин къаьмнийн Кубок яккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш яра Европин 8 пачхьалкхера командаш: Польшера, Гуьржийчуьра, Белоруссера, Азербайджанера, Эрмалойчуьра, Хонкарара, Германера, Словакера, Россера. Вайн Республикера Россин вовшаштоьхначу команда юкъахь дакъалоцуш 3 спортсмен вара. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Финалехь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула вовшахкхийтира Россин а, Азербайджанан а командаш. Счет 5:3 йолуш толам баьккхира Россин командо. Иштта греко-римски охьатохархлатарехула Азербайджанан а, Россин а командашна юкъахь счет 6:2 йолуш толам баьккхира Россин вовшахтоьхначу командо.

   – Билгалдаккха деза паргIатчу кепара охьатохархлатарехула финалехь шех леташ хиллачу Гуьржийнчуьра спортсмена тIехь жамI  12:0  долуш  толам вайн спортсмена Чакаев Ахьмада баьккхина хилар (61 кг), ткъа Джукаев Расула (70 кг) жамI 5:2 долуш эшийра шех леташ волу Белоруссера спортсмен (61 кг).  Греко-римски охьатохархлатарехула шех леташ хиллачу Азербайджанерчу  Мамедов Камеранна тIехь толам баьккхира Альбиев Исламбека (66 кг), – элира Нохчийчоьнан  спорт охьатохархлатарехула йолчу Федерацин вице-президента Даудов Iабдул-ГIанис.

Цу тайппана хIокху къийсадаларшкахь вайн кхаа спортсмена хьалхара меттигаш ехира.

Толамхошна совгIаташ дира.

З.ШИШХАНОВА

Архивера сурт

№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: