Доккха совгIат ду кегийрхой хIуманна духе кхиа лууш хилар а, жимачохь дуьйна а дахарехь шайн цхьа Iалашо йолуш хилар а. Ишттачарах ю Нохчийн пачхьалкхан университетан экономикин а, финансийн а факультетан Ф-2 группин студентка Калаева Залина. Иза дуьнен чу яьлла Соьлжа-ГIалахь, Мичуринан поселкехь. Вай лакхахь хьахийначу университете деша хIоьттина 2014-чу шарахь.
Дешарца дика ларош, университетан дахарехь дакъалоцуш схьайогIуш ю Залина. ШолгIачу курсехь бен яцахь а, цуьнан Iилманехь къахьега лаам хилар тидам боцуш ца дисина. Тайп-тайпанчу Iилманан-практикин конференцешкахь дакъалоцу цо. 2015-чу шарахь «Кхузаманахьлерчу муьрехь Россин социально-экономически а, политически а бакъонийн кхиоран мехала проблемаш а, таронаш а» цIе йолчу Дуьненаюкъарчу II-чу Iилманан-практикин конференцехь дакъалацарна сертификатца а, «Хьалхара бизнес» ловзарехь хьалхара меттиг яккхарна дипломца а совгIаташ дина Залинина. КхидIа а Iилманан декъехь къахьега лаам болуш ю студентка.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Калаева Залина
№140, еара, гIуран (декабрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо